Керлачу парламентан хьалхара сесси хилла Иракъехь. Депутатийн аьтто ца баьлла шайна спикер харжа. Карарчу хенахь парламентан гIанда волчу Ал-Нафидх Мехдис бинчу хаамца, нагахь аьтто балахь, депутаташа юхагуллур бу тIедогIучу кIиранах.
Парламентан декъашхоша харжа везаш ву суннитех волу спикер а, шиIатех а, курдех а волу цуьнан ши когаметта а. Карарчу хенахь чолхе хьал лаьтташ ду Иракъехь. Иракъан а, Левантан а Исламан пачхьалкх олучу тобан тIемалоша дIалаьцна Тикрит-гIала а, кхин йолу Иракъан къилбаседера а, малхбузера а кIошташ а.