ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба зудчун духар луьсту массара а...


Никъаб йоьхна зударий
Никъаб йоьхна зударий

Масех де хьалха Европерчу адамийн бакъонийн кхело сацам нахала баьккхина, Францехь 20I2-чу шарахь зударшна юкъараллехь юхьдIайоьхкуш йолу никъабаш лелор дехкар адамийн бакъонаш йоьхкуш дац аьлла. Цу сацамах пайда а эцна, Европера кхечу пачхьалкхашкара аьтто-радикала партеш а ю, шаьш долчехь никъаб ехкийта гIерташ.

Массарна а дийца хIума даьлла Францерчу цхьана къона яхархочуо Европера адамийн бакъонийн кхеле хьалхехьуо бина хиллачу латкъамна цу кхело хIинца дацаре жоп даларх. Дацаре бохург хIун ду - кхелахоша бакъдина Францин Iедало ши шо хьалха тIеэцна долу низам, ткъа латкъам бинчу зудчо цу низамо шен динан а, дешан а, ойланийн а маршонаш хьоьшу бохург бух болуш дац аьлла лерина.

ХIинца, цу сацамах зовкх а даьлла, цхьана агIор Европера аьтто-радикала партеш карзах евлла, шайн-шайн пачхьалкхашкахь никъабаш, я паранждаш, я цхьаццаболчара ма-аллара, бурканаш ехка еза, низамашца и бехкамаш чIагIбан а беза, бохуш.

Вукху агIор, шаьшна шайна дин башха дика ца довзахь а, амма даима а цхьа массара а хьийзош болчу мисканийн позици схьалочуш хазхеташ болчу цхьаццаболчу бусулбачара цу сацамах бахьана а даьлла, керлачу могIарехь дIадолийна, Малхбузехь бусулба нахана гIело еш ю бохучунна гуонахьара дийцарш.

Цу тайпанчу дийцаршна дуккхаъчу меттигашкахь бахьана а хуьлуш делахь а, хIунда аьлча Европехь а нисло бусулбачеран бакъонаш хьешар, кхечу меттигашкахь нислуш ма-хиллара, ткъа уггаре а алсамох бусулбачийн бакъонаш бусулба ю бохучу пачхьалкхаш хьоьшуш ма-хиллара.

Амма цхьана бух-бакъонна тIехь, низамах пайда а оьцуш, Iедалца къамел дар ца хуьлу и тайпанчу дискуссех. Мелхо а, дуьхьалончийн вовшашца болу дегабаамаш, цакхетамаш а ласам бовлар бен. Ишттачу хьолехь дин девзачийн а, Iелам нехан а, меттигера а, йоллучу Европера а низамаш девзачу юристийн а аьзнаш оьшу, дина хеттамех йолу дискусси хила езачу тIегIанна тIе яккха.

Ткъа хIун боху Iелимнаха юхь дIакъовларх лаьцна? I4 бIе шарахь бусулба динан исторехь цу хьокъехь хиллачу къийсамийн чот тохалур яцахь, амма вайн заманчохь дукхахболчу Iелимнаха и никъабаш шайх олуш долу юхь хьулйо духарш оьшуш доцуш лору, я фарз а дац, я важиб а дац боху.

Ишшта, масала, 2009 шарахь Мичарчу Аль-Азхар цIе йолчу дуьненчохь уггаре а лерамечех бусулба университетан профессорша, цIеяхханчу Iилман дайша сацам зорбане баьккхинера, бусулба динехь никъаб лелор декхар дац аьлла.

Ткъа цу университетан ректор волчу шейхо Тантави Мухьамада омра динера, Аль-Азхарехь зударшна никъабаш лелор доьхкуш. ХIетахь шейх Тантавис дIахьедар дира, Аль-Азхар никъабашна дуьхьал яц, амма цу никъабех питана дарна дуьхьал ю, аьлла, и лелор бусулба динца доьзна дац, Iадаташца доьзна ду аьлла тIе а тухуш.

Европерчу Iелимийн а бу изза хьежам. Масех шо а ду Австрерчу бусулба нехан кхеташоно, никъабашна гуонахьара гIовгIа Францера йоллучу Европе яржа йолаелча дуьйна схьа, зударийн юхь къовлар бусулба дино тIедожош дац бохург билгалдоккхуш долу.

Кху деношкахь хаамийн гIирсашкахула дIасадаржийначу цу кхеташонан дIахьедарехь Австрерачу бусулба нехан юкъараллин прессица болхбаран векал йолчу Багажати Амина Карлас кхин цкъа карладаьккхира, никъабаш лелор оьшуш ду бохучунна бусулба теологехь бух бац аьлла. Амма цуо иштта билгалдаьккхира, хIора а стеган бакъо ю шена луу духар лелон, аьлла.

Венерчу нохчийн маьждиган имам волчу Абубакарна а хета, Европехь, я шена аьлча, Австрехь зударша яхьаш дIакъевлина лелар совтIех яьккхина суьпалла. Цхьаццайолчу пачхьалкхашкахь а, меттигашкахь никъабаш лелор Iедалша зIударшна тIедожийна делахь а, амма Европехь – кхин хьелаш ду.

Абубакар: „ Дала КъурIан чохь боху зударшка: „Цара шайн хазалла гучу ма йоккхийла, цунах гаррехь гучуаьлла йоцург“ ( 24-гIа Сура, 3I-гIа аят). Цу аятах дуьненчохь болу бусулба нах шина тайпана кхеташ бу-кх. Цха болчу Iелимнахана хетарехь, ши куьг, юхь гучуяьлла ю, ткъа кхин дIа долу дегI дIакъовла деза.

Вукхарна хетарехь, хIан-хIа, уггаре а хазох йерг юхь ю, и юхь дIакъовла еза. Суна хеташ дерг, къаьстина кху махкахь юхь дIакъовлар – иза цхьа тIехь доцург лелор санна хета суна. Бусулба зуда шен хаза хила ма-деззара духар доьхна хилчахьана, цуьнан юхьий, ши куьйг гуш хиларх хIуммаъ дац аьлла хета суна".

Ткъа цу юкъана никъабех долчу къийсаршна юккъе богIуш бу кхин а алсамох нах а, ницкъаш а. Европерчу жуьгтийн куьйгалхойх цхьаъ волчу раввина Гольдшмидт Пилхаса емал дина никъабаш ехкар. „Швейцарехь маьждигашна тIехь момсарш дар дехкар а, Францехь никъабаш лелор дехкар – массо а дозанаш хедон хIуманаш ду уьш“, - элира цо.

„Зударшна я нийсо а, я паргIато а лур яц никъабаш ехкаро“ - аьлла дIахьедар дина иштта Human Rights Watch цIе йолчу адамийн бакъонаш ларйаран юкъараллин куьйгалхочуо Фардо Жан-Марис а.

XS
SM
MD
LG