ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чудожийначу кеманчуьрчу нехан тIаьххьара некъ


Украинан стигалахь террористаша лаьцна латточу меттигашкахь чудожийначу Малайзин авиалайнерца хиллачу нахах схьалахьийна межеш чохь йолу цIерпошт кхаьчна Харьков-гIала шинарий дийнахь. 280 гергга стеган дакъа ду цу чохь. Кху беттан 17-чу дийнахь герз тоьхна дохийначу кеманца хилла иттех махкара бахархой. Украинан а, Малхбузенан а кьуйгалхоша чIагIдарехь, кема сепаратисташа чудожийна хилар билгалдоккху дукххаъчу тоьшаллаша.

Харьковра декъий Голландин шахаьара Амстердаме кхачор ду, белларш дукхахберш цигара хиларна. Бохам хиллачул тIаьхьа массех дийнахь кема чудоьжначу метте террорхоша тIе ца буьтуш Iийна Украинан Iедалан векалш а, Европера тергамхой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG