ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна – рогIера санкцеш


Украинан малхбалехь герз тоьхна чудожийна Малайзин кема а дуьйцуш, Оьрсийчоьнна рогIера санкцеш дуьхьалъяха гулбелла Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрш. Iамеркарчу а, Европерчу а куьйгалхоша бахарехь, дуккха а тоьшаллаш ду кема дохийнарш Оьрсийчоьно ир-кара хIиттабе Украинан малхбалера сепаратисташ хиларан.

Оршот дийнахь кема чудожор бехке деш резолюци тIеийцира Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъарлонан Кхерамзаллин Кхеташоно. Сепаратисташа, ехха дуьхьало а латтийна, Малайзин говзанчашка дIаелла кеманах йисина «Iаьржа яьшканаш» а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG