ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газиев Тархан: Нохчашна уггаре хьалха оьшург цхьаалла ю (интервью)


Нохчийчоь - Нохчийн Дуьхьалонан бIаьхой, аьтту агIор - муджахIидийн декъан амир Газиев Тархан
Нохчийчоь - Нохчийн Дуьхьалонан бIаьхой, аьтту агIор - муджахIидийн декъан амир Газиев Тархан

Нохчийчохь Маршонан боламаш буьйлабеллачу 90-чу шерашкахь дуьйна евза тIеман хьалханчин, ШолгIачу тIамехь лаккхара буьйранча лаьттинчу Газиев ТархIанан цIе. Хьаннашкахь Iалаш а луш, герзаца Оьрсийчоьнан олаллина дуьхьал лаьтта нохчийн къоман дакъа долуш ду цо бахарехь хIинца а.

Цкъа, цхьана шерашкахь, беккъа нохчашна лаьттина тIемаш, церан махкахь Оьрсийчоь эрадоккхуш, бIе эзар сов адам хIаллакдина йоллучу муьрехь, ерриг а Къилбаседа Кавказхехула дIашорбелира Дуьхьалонан болам. Ткъа болабелира иза дин къовсучу басахь, Дела дош хьалха доккху бохуш кхайкхочу лозунгашца.

Оцу хьоло гарабехира Кремлана дуьхьаллаьттарш. Ерриг а Кавказах дерг аьлча, уггаре хьалха маршонан боламах дIаккъаьхкира оцу боламера политикаш, хийцамаш политикан тIегIанахь шайн-шайн мехкашка кхочон луурш.

Цул тIаьхьа цхьана а кепара бIаьрга хIитта, бакъоларъярхой боцурш, идеологаш а боцуш бисира тIемаш, Москохара схьалела къизалла я ма-доггIу ялхо нах а боцчу даьлла тахана хьал.

Ша Нохчийчоьнах дерг зийча го, цигахь тIемаш буьйшучу кхаьчнийла а, хьаннех боьлла гIаттамхой гуттар а къадбеллийла а, гIелбеллийла а.

Делахь а, ала дац и болам бижина, массо а нохчаша маршонах догдиллина. Церан лидерех ву тахана ханна кхечу махкахь сецна волу Газиев ТархIан.

Хьаннашкарчу тIемалойн байракхаш хийцаяларх а, лехамаш хоршара хорша берзарх а, шен Iалашонна тIера ваьлла вац иза цкъа а. Оццу къовсаман новкъахь вуьсу, иза мел гатбелла аьлла цхьаццаболучарна хетахь.

Газиев ТархIан юьхьанца а хилла, хIинца а ву Ичкерин агIонашний, Кавказ Имаратний юкъахь тIай тилла гIерташ схьавогIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG