ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь Украинана тIелата тарло


ГIирма - Оьрсийн эскарш ду шайгара хьунарг гйотуш,24Заз2014
ГIирма - Оьрсийн эскарш ду шайгара хьунарг гйотуш,24Заз2014

ТIаьхьарчу деношкахь Украиница дозанна уллохь вуно шуьйра тIеман гайтамаш болийна йолу Оьрсийчоь кесталгIа цу пачхьалкхана чугIорта кечлуш хила мега аьлла дIахьедар дина Полшин премьер-министро Туск Доналда.

Де дийне мел долу эрча долуш ду Украинин малхбалера тIеман хьал. ХIора дийнахь байъинарш а, лазийнарш а алсамбовлучу цу Донбасан кIоштарчу тIеман тийсадаларийн чакхе а, йист а яц цкъачунна гуш. Мелхо а, дела схьадогIучу денца и конфликт шорйаларан, Оьрсийчоь, хIинцалца санна къайлаха а ца лелаш, гаррехь, шен тIеман ницкъашца цу юккъе гIортаран а кхерам кхуьуш бу.

Кхаарий дийнахь Польшин премьер-министро Туск Доналда динчу дIахьедарца, цуьнгахь тешамечу хьосташкара хаамаш бу, Кремл Украинина тIамца чугIортар кечдеш ю кху тIаьхьарчу масех дийнахь аьлла.

„Тхан бахьана ду, оьрсийн тIеман ницкъаш Украинина гаррехь чугIортаран кхерам хьалхачул а лакхабаьлла бохучунах теша – тIаьхьарчу масех сохьтехь кхаьчна тхоьга и информаци“, - элира Туск Доналда леринчу пресс-конференцехь. Нагахь санна Кремло иза дахь, Малхбузено хIун жоп лур ду цунна доьхьал бохург ала хала ду аьлла билгалдаьккхира цуо, хIунда аьлча и тайпа чолхе хьал Европин керлачу исторехь хIинцалца схьа хилла ца хиларна.

„Тхуна хаьа, и конфликт вай киншкашна тIехь ешначарех тера хир йоцийла, цхьа мелла а хилла низамаш а, бакъонаш а йолуш. И конфликт массо а адамаллин евзаш йолу бакъонаш а, процедураш а йохош хир ю. Цундела муьлхачу а голатохарна кийча хила деза вай“, - элира керлачу хьолах шен гIайгIа ца хьулйеш волчу Полшин куьйгалхочуо. Шен пачхьалкхе а цу кепарчу оьрсийн агрессин закъалт хила йиш хилар а хьахийра цуо, делахь а цкъачунна цу хIуман цхьа а тоьшаллаш доцуш аьлла тIе а тухуш.

Полшин куьйгалхо хилла ца Iа Оьрсийчоьнан леламех шекйаьлла. НАТО тIеман альянсан декъа йолу кхин дIа йолу пачхьалкхенаш а ю, Кремл цхьа тешнабехк бан кечлуш юй-те аьлла хеташ. Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъараллехь Оьрсийчоьнан векал волчу Чуркин Виталийс Украинехь хIоттаделла хьал гуманитаран катастрофа ю аьлла дIахьедар дира шинари дийнахь, шен пачхьалкхе Украинина гIо-накъосталла дан кийча ю аьлла тIе а тухуш. Бакъду, Украинин векалша и хабар аьттехь а ца дитира, цхьа а гуманитаран катастрофа юьйцийла а дац аьлла.

Ткъа НАТО тIеман альянсан декъашхошна цу оьрсийн гуманитаран бохамах долчу дIахьедаршкахь, мелхо а, хIилла го, цунах бахьана а дина, шайна кесталгIа Украине чугIорта лаар бакъдархьама лелош долу. НАТОн векало Лунгеску Оанас динчу дIахьедарца, Кремло Украинин дозанна уллохь 20 эзар сов салти гулвина, там бу цуо уьш машар баран миссина аьлла, я гуманитара гIодаран миссина цу йозуш йоцучу пачхьалкхана чутатта. „Оьрсийчоь хIун дагахь ю ца хаа тхуна, амма цуо лелош дерг вуно гIайгане вожош хIума-м ду“, - элира Лунгескус кхаари дийнахь журналисташкахь.

Оьрсийчоьнан леламаш Малхбузе мел гIайгIане йожош белахьа, амма цкъачунна цу шен эхь-бехк а ца тергал деш, „шена луург схьадаран“ политика толам боккхуш схьайогIуш лору Малхбузехь вехачу нохчийн политолого, Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочуо Асхабов Хьамзата.

Цунна хетарехь, хIоьттинчу хьолехь шайн интересаш йоцург, кхин цхьа а мехаллаш тергал а ца еш, шаьш гIийла пIелг лестийча, Кремлан дай юхабевр бу аьлла хеташ болчу Евробертан а, Цхьанакхеттачу Штатийн куьйгалхошца лелон йиш дерг ду Путина а, цуьнан накъосташа а лелош дерг.

Асхабов: „Оьрсийчоь, билгал дIа а кхайкхина, тIом беш яцахь а, оцу Украинех дIакъаста гIертачу регионашкахь Iедална дуьхьал гIаттам бина лелаш болчу нахана гIо деш юйла массарна а хууш ду. Делахь а, иза говза латтабо цара. Цу тIехь Оьрсийчоь тоьлла го суна, вукхарел. ХIунда аьлча, цара санна эхь-бехк дайъина, дуьйцург бакъ-харц бен а доцуш лелош политика хилча, Оьрсийчоь кхиаме го суна, цара шайн Iалашонаш кхочушIан ницкъаш ларбарна тIехь а, тIаьхьалонна рицкъаш вовшахтохарна тIехь а“.

Цу юкъана Украинин малхбалехь дIабоьлхуш бу луьра тIемаш. ХIинцале а цу тIемашкахь байъинчийн терахь I300 стагал совдаьлла. 4 эзар стаг герга лазийна а ву.

XS
SM
MD
LG