ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах лецарш совцуш дац Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Кадыров Ахьмадан цIарх полк, гIаттамхошца къийсам латточу ницкъийн дакъа Соьлж-ГIала, 25Тов2014
Нохчийчоь -- Кадыров Ахьмадан цIарх полк, гIаттамхошца къийсам латточу ницкъийн дакъа Соьлж-ГIала, 25Тов2014

Нохчийчохь дела денна а санна лоьцу нах. Цхьана декъанна махка тIамца даьхкинчу оьрсийн эскаршна дуьхьаллаьттинарш бу иттех-пхийттех шо даьлча а лоьцурш а, кхелашкахула чекхбохурш а.

Нохчийчохь кест-кеста хааме доккхуш лаьтташ ду бахархошкара лело бакъо йоцу герзаш схьадахар. Цу кепара низам а талхош дIаIалашдина грез гучудаьлла Веданан кIоштан шина меттехь. Полисхойн урхаллин хьостано гIардаккхарца, къайлаха бина хаам зийча, цхьана вахархочуьнан хIусамехь карийна шен патармашций тIеман тапча.

Цул сов низамхоша схьабаьккхина цо хьуламехь латтош хилла маса тоьпийн 500 сов патарма а. ЦIарца вуьйцуш воцчу куьг бехке лоручунна дуьхьал бехк токхаман гIуллакх долийна низамаца догIуш доцу герз эцарна а, лелорна а, Iалашдарна а.

Ала догIу, цигга Веданан кIоштехь, ши де хьалха а яьккхина тIеман тапча. ЦIийнах а хьаьвсина, граната а, патармаш а, тапча а йоккхуш лаьцнарг ву Бекбулатов Мохьмад. Талламхоша чIагIдарца цуьнгара яьккхинчу тапчана тIаьхье гуттар луьра хила а сахьт дац. Стенна аьлчи цу тапчанан бакъволу да, Хорача эвлара юьртда Садаев Муса, герз тоьхна вен а вийна, I2 шо хьалха муьлш бу ца хуучу наха, герзах вотавелла ткъех стаг кетIа а веъна, дIаехьна ю и тапча.

ХIетахь официало Iорадаьккхина ма-хиллара ишта нисделлера юьртда вер. Шен гIаролхочуьнца кетIахь лаьттачу Садаевна тIевеънера тIеман барзакъ дуьйхина, туьтмIаьжгашца яххьаш хьулйина ткъех стаг. Царех цхьамма топ тоьхна юьртда вожийна, кхечара цуьнан гIаролхо герзах мукъаваьккхина. Цул тIаьхьа уьш къайлабевлла юьртде тапча а, гIаролхочуьнан маса топ а шайца дIа а хьуш.

Шийтта шо зама яьлча, тапча караяр бахьнехь, карладаьлла сев эвхьаза кхочушдина и вер-ваккхар. Набахти чохь валлош волчу Бекбулатов Мохьмада мел дакъалаьцна юьртда верехь, цуьнга мичара, муха кхаьчна Садаев Мусан тапча? Мел уьйр-юкъаметтигаш лелийна лаьцначо тIемалошца? Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш каро зераш долийна талламхоша.

ТIамца доьзна махкахь нислуш долу лецар-сецораш доцуш сиз-сиха кхела хьалха хIиттош бу кхузахь тIеман агIончаш а, герз а карахь дуьхьало йинарш а. Республикан лакхарчу суьдо, луьрчу хьелашкахь чохь яккха I5 шо хан кхайкхийна гIаттамхочунна Бачиев Iумарна. Гурахь шо кхочу и лаьцна.

Цуьнга кховдийначу бехкаца тIемалойн бааьччана Газиев Тархана куьйга кIел 2007 шарахь цо тIелатар дина Итум-кхаьллин кIоштан Гухой эвлана, цхьа низамхо вен а вуьйш, веанна чевнаш а еш. Талламхоша дийцарехь и юкъахь волу тIемалойн тоба 40 гергга стаг а волуш, олалла деш хилла Итум-Кхаьллин кIоштехь. Ткъа ницкъаллин структураша иза схьалаьцна стохка гурахь, гIа дужучу баттахь. Соьлжа гIалин кIоштан Гикало юьртахь.

Лецарш а, хенаш кхайкхор а, ур-аттал вер- ваккхарш а, массо вола а воьлла, тахана Нохчийчохь кхолладелла ладегIаме, Iаткъаме хьал гойтуш долу бакъ сурт ду. Маца чекхбевр бу тIеман хьу йолу хиламаш, маца лекъар ду лецарш а, лаьттах бухдуьйлучух тера герзаш карор а хууш дац. Цу цахааро а бо бахархошна Iаткъам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG