ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кийча ю Европан рогIера санкцеш


Евроберто Украина бахьанехь шена дуьхьал санкцеш кхайкхаяхь, Москох Iийр яц шегара жоп ца луш, хаам бина шоьтан дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Европано кечйина санкцеш, амма уьш юкъа ца йоху, Оьрсийчоьно шен эскарш юхадоху я ца доху Украинера хаъалц. Кхин а 28 оьрсийн хьаькамна а, массех хьукматна а дуьхьал хир и санкцеш, царна доьхкур ду Европехь ахча лелон а, йохк-эцарш ян а, Евробертан мехкашка лела а. Официалехь тIедогIу оршот ду санкцеш тIеэца къастийна де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG