ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбасс – Кавказ: 80 000 мухIажир


Оьрсийчоь--Донбассера уьдучу мухIажирийн куп, Ростов-мохк, 18Мар2014
Оьрсийчоь--Донбассера уьдучу мухIажирийн куп, Ростов-мохк, 18Мар2014

Украинанан малхбалехь карара деношка кхаччал бахбеллачу тIамо вийна 2800 гергга стаг. Донбассера Оьрсийчу бевддачу нехан терахь ду, Кремлан хьостанаша бахарехь ах миллион гергга. Деношкахь Украинерчу мухIажиршна лерина ахча къастийна Оьрсийчоьно, шайлахь Къилбаседа Кавказ а йолуш.

Къилбаседа Кавказе Украинера мухIажирш, доккхачу декъанна Донбассера оьрсий, баржаран сурт иштта ду.

Уггаре дукха севцца Ростов-махкахь – 53 эзар стаг. Цул тIаьхьа бу Краснодар-мохк – 20 эзар. Ставропол-мохк – 4600, Адыгея – 1500.

Бисинчу мехкашкахь гIеххьа лахара бу Донецкера а, Луганскера а бевдда баьхкинчу нехан барамаш. 800 стаг сецца ХIирийчохь. Дагестанехь, Нохчийчохь, Кхарачой-Чергазийчохь бIе-шишша бIе стаг.

Украинерчу мухIажирийн терахьашший, царна Оьрсийчоьнан маьI-маьIерчу мехкашкахь къастийна ахчий, стенна а делахь, цхьана стагна кхочучу барамашкахь къаьсташ нисло, Медведев Дмитрийн министрийн кабинето хIора мухIажирна баттахь луш долу ахча 9 эзар сом ду бахахь а.

Уггаре дукха ахча хьажийна Москох – 10 миллион сом, ткъа цига дIатарвинарг вац 3500 стаг бен. Ткъа 53 эзар мухIажир тIеэцначу Ростов-махка ца хьажадо 8 миллион гергга соммий бен.

100-200 мухIажир сецначу ГIебарта-Балкхаройчоьнний, ГIалгIайчоьнний ца къастийна цхьа а кепек.

Нохчийчохь сецна 150 гергга Украинера мухIажир, ткъа цига хьажийнарг а ду беламе ахча – 18 эзар сом.

Стенна нисбелла и тайпа къастамаш, ала хала ду.

Шатайпа ду Нохчийчоьнца дерг. Цигара ведда веъначу 150 стагах доккхах дакъа бу цкъа цхьа шераш хьалха децIерачу тIемаша лаьхкина хилла нохчий. Уьш шозлагIа а, шаьш Украинехь дIатарбелла аьлла хеттачу муьрехь, гIовтта безна, баьхкина даймахка юха. Амма царех Медведевн Iедало хIинца ца олучух тера ду мухIажирш. БIе сов волчу нохчочунна ца лучух тера ду мухIажирийн статус. Ткъа оцу нахана Нохчийчохь ца белла я кхерч а, я ахча-бохча а. Шайн-шайн гергарчарна тIебиссина и нах.

Доккхачу декъанна Кремл дагахь ю Украинера хьаьлхина оьрсий Сибрех а, Оьрсийчоьнан махбалехьарчу регионашка а дIатарбан.

Кехаташа къасториг иштта ду. Ткъа муха, стенна тIехь соцур ду хьал билггал ала дац. Иштта ала дац мел лаьттар бу деношкахь Донбассехь кхайкхийна машар а.

Нагахь санна цигахь тIемаш юха а гIовттахь, кхеташ ду, хийцалур ду Оьрсийчу уьдучу цигарчу бахархойн терахьаш а.

XS
SM
MD
LG