ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гисаев Ахьмад : Оьрсийн телевизионах тешам бац


Оьрсийчоь - НТВ-телевизионо гайтира Норвегера ведда юхавеъна полицин полковник Устраханов Руслан.
Оьрсийчоь - НТВ-телевизионо гайтира Норвегера ведда юхавеъна полицин полковник Устраханов Руслан.

Европерчу къайлахчу сервисаша Iехийна, Норвеге а вигина, Оьрсийчоьнна дуьхьал оьгIазе артиклаш язйойтуш, хьийзийна полицин полковник Устраханов Руслан, НТВ-но деношкахь дийцарехь. Норвегерчу ХIелсинкин комитетан белхахочо Гисаев Ахьмад а гезвоху телевизионо. Гисаевс бовзуьйту НТВ-н аьшпаш.

Башха, вовшех къаьсташ йоцуш, шала дина бераш санна бу тахана Оьрсийчуьра хаамийн гIирсаш. Кхуллуш долу васт, иза чоьхьарчу я арахьарчу потикаца дузуш делахь, хуьлу цхьабосса. Кремлана хьаштверг, бух а боцуш, вазвеш, товш воцург – массара а тIетаьIий, бехвеш.

Бакъдерг ду я дац дуьйцург, гойтург – цуьнан ойла а яц хIинца еш, журналистна а, лоьрана санна, теорехь яздина цхьа молха доллушехь: зен ма де, адаман бакъоталха ма е.

НТВ-телевизионо деношкахь гайтира, Оьрсийчуьра, Мурманскерчу полицехь полковникан чине кхаччалц болх а бина, цкъа Норвеге ведда дIа а вахана, цигахь бухарчу къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнна духьул болхбе бохуш хьийза а вина, юха ведда цIавеъна хIара, аьлла, Устраханов Руслан.

Бохура, шега Оьрсийчоь бехъеш газеташна тIе артиклаш етта баьхча, цо ца боьхкина шен даймохк, иза реза ца хилла.

Норвегехь вехачу бакъоларъярхочух, Норвегин ХIелсинкин комитетан белхахочух Гисаев Ахьмадах кхеттера Устраханов, ткъа вукхо хьийзийра иза, дуьйцу НТВ-но.

Оцу документалан ю аьлла гайтинчу филмах а, Устрахановх а лацна къамел хилира Маршо Радион Гисаев Ахьмадца . Устрахановс дуьйцург а, НТВ-но гойтург а Iорадаккха, уьш аьшпаш буйла хаийта хала а дац цунна .

Гисаевс ма-баххара, 2010-чу шарахь веъна, бухахь шена ма-луъу шен Iер-дахар ца нисделча, я ша деанарг чекх ца даьлча, 2012-чу шарахь ведда Оьрсийчу юхавахана полицин полковник Устраханов Руслан.

Ткъа НТВ-но гойту иза хIинцца ведда веъча санна, хьолах сенсаци а еш. Стенна?

Гарехь, Европаца ийгIинчу оьрсийн президентна тахана къаьсттина оьшу Европа, иза хIуманна а бехке йоцчу Оьрсийн пачхьалкхца гамъелла, аьлла, шен махкахой тешош, нажжазъян.

Ткъа Европехь беха нохчий, масала, ца беша НТВ я кхин хаамийн гIирсаш оцу кепехь хьийзарх а, цара, аьшпаш юкъа а иэбеш, кечъечу программех а.

Устраханов Руслана, ша полковникан дарже кхаччалц пачхьалкхана гIуллакхдинехь а, беро санна, бIаьрхиш эгадо телеэкран чохь. Цунах мила тешар ву боху хаттар-м хIоттош а дац цу киночохь гезвохучу Гисаев Ахьмада а, Норвегехь Устарханов вевзинчара а. Оццул лакхарчу эпсарна велха а эхь а ма ца хийтира, бохуш, цецбуьйлу Кремлан телефизионаша хийла гойтучух чекхъхьежа Iаьмнарш.

XS
SM
MD
LG