Даханчу ПIераскан дийнахь вуно доккха зуулам хиланза делира Москох коьрта лоручу маьждигана хьалха. Цхьана ца девзачу бахьанца цига баьхкинчу полицин белхахоша, етта а етташ, дIалаьцнера цига ламаз дан веана хилла жима стаг. Гарехь, ванахах волчух тера а дара и стаг.
Амма, милцоша йийриг харцо ю аьлла, царна го а бина, жима стаг царгара схьаваьккхира маьждиге баьхкинчу бусулба наха. И нах мелла а сатухуш ца хиллехь, вуно чолхе тIаьхьало йолуш дерза мегаш дара милцойн а, бусулба нехан а дуьхь-дуьхьала латтар. (Цхьаболчу хаамашца, цигахь жигара хьийзина аьлла Iедалша лаьцна 40 сов стаг).
ГIурбан де тIекхочуш хIоразза а вуно синтем байна хьийзаш хьулу Москох гIалин Iедалш. Ткъа зорбанан гIирсашкахь гучуюьйлу бусулба нах эшнаш беш йолу материалаш.
Ткъа оццул кхераме, зуламе нах бу те Москох маьждигашка рузбан ламаз дан цхьаьнакхетарш а, цхьацца бусулбан деза денош хилча цхьаьнакхетарош а? И хаттар делира Маршо Радионо ткъех шарахь Москох вехачу нохчийн вевзаш волчу журналисте Мурадов Мусага.
Мурадов Муса: