ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь мухIажиршна гIелояр гучудаьлла


Германи -- МухIажирш Гамбургехь, 4Гез2013
Германи -- МухIажирш Гамбургехь, 4Гез2013

Немцойн хаамийн гIирсаша нахала даккхарехь, Германерчу Къилбаседа Рейн-Вестафалли лаьттахь масех мухIажирна лоьралла дан дезна, уьш бехачу кхерчийн хехоша царна еттар бахьана долуш. ХIинца немцойн Iедал цу махкара массо а мухIажирийн юкъараIойлашкара хьал толлуш ду.

„Немцойн Гуантаномо“, „МухIажаршна таIзарш дар“,“ „ТIебаьхкинчарна гIелонаш яр“, „РогIераниг мила ву?“ - иштта зевне ю кху деношкахь зорбане буьйлучу немцойн коьртачу хаамийн гIирсийн артиклийн цIераш. Хуьлуш ма-хиллара, журналисташна Iедалан белхахошна чул а хьалхох гучуяьллачу цу гIовгIанечу IалагIожан сибат дан а ду вуно ирча: хехочун белхан униформа йоьхна волу цхьа стаг ву лаьттахь, букъа тIехьа дихкина куьйгаш а долуш, Iуьллучу таьIначу басахь чкъор долчу жимчу стеган коьрта тIе ког а хIоттийна лаьтташ, немцойн WDR телевизионан белхахойн каракхаьчначу сарташна тIехь. Уллохь чинчIара хиина Iаш кхин цхьаъ хехо ву.

И сарташ дан а ду мацах, шераш хьалха, Iамеркахойн салташа Гуантаномо цIе йолчу шайн базерчу тIеман набахтехь бусулбачу тутмакхашна тIехь латтийна хилла къизаллаш дагайохкуьйтуш. Ткъа Германехь хIинца мухIажарийн шайх „хIаймаш“ олучу юкъараIойлашкахь хехоша гIелонаш йинарш а, гарехь, бусулба хиларо и Гуантаномоца болу бустам кхин а чIагIбо.

Ткъа хилларг боккъал а хIун ду? Муха нисделла дуьненчохь уггаре а тоьллачех социалан система а, мухIажаршна Iуналла даран кхерчаш а, цаьрца болх бан Iамийна говзанчаш а болчу Германехь и тайпа къепедацарш? Муха кадаьлла мухIажарийн юкъараIойлийн хехойн, кхечу белхахошна а, Iедалийн векалшна а ца хууш, цу кхерчашкахь Iачарна гIелонаш ян? Мел дукха бу теша цу хехойн къизаллийн закъалташ хилларш? Ткъа уггаре а коьртанарг- лаьцний куьгбехкенарш, кхел йийр юй царна?

Гезгамашин 28-чохь WDR телеканалан Westpol цIе йолчу программехь дуьххьара бийцаре бира и чамбоцу хилам. Журналисташа дийцарехь, Къилбаседа Рейн-Вестафалли цIе йолчу лаьттарчу Эссен гIаларчу мухIажарийн юкъараIойлахь дIатарбина болу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара тIебаьхкинчу наха латкъамаш бинера цаьрга, шаьшна цу кхерчан гIаролаша гIелонаш йо, аьшнаш а до шаьш цара, аьлла.

Журналисташа къайлаха бинчу талламаша гучудаьккхинера, и къепедацарш лелийнарш цхьаьна жимчу SKI цIе йолчу фирман белхахой хиллийла, ткъа шен рогIехь и жима фирма Германи мел ю массо а мухIажарийн юкъараIойлаш ларйар шен карахь долчу European Homecare фирмина куьйгакIелахь хиллийла. Иштта гучуделира, цу фирмехь болх беш волу виъ стаг мухIажаршна тIехь харцонаш а, гIелонаш а лелорна декъахилар. ХIинца и виъ бехке веш ву мухIажаршна кхераме чевнаш ярна.

Ала дашна, царех шиъ хIинцале а поличхошна дика вевзаш хилла ву – корт бахош долу молханаш дохка-эцар а, летарш а бахьана долуш. Цул совнаха, полисхоша дIаболийначу талламашкахь къастор ду, цу виънел совнаха, цхьа а хиллий теша мухIажарийн юкъараIойларчу къепедацаршкахь декъа бохург. Цу Iалашонца, бIеннашка юкъараIойлин бахархошка хеттамаш дIаболийна Iедалхоша.

Амма Эссенерчу мухIажарийн кхерчаш лелийна ца Iа SKI фирмано балха эцначу хехоша шайн талораш. Иштта генайоцуш Iуьллучу Бурбах цIе йолчу жимчу гIалахь а йиттина хилла цара тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара тIебаьхкинчу юкъараIойлин бахархошна.

Муьлхарчу пачхьалкхашкара билгал гIелонаш лан дезна болу мухIажарш бу бохург Iедалхоша цкъачунна хоуьйтуш дац. Журналисташна гучудаларехь, цу нахах цхьаберш Шемара орамаш болуш бу. Иштта, мел кIезга а, кхин цхьа алжирхо а ву.

ТIаьхьарчу шерашкахь къаьстина дукха Нохчийчуьра мухIажарш Германе дIакхелхина хиларна, вайнах -м бац техьа цу гIелонийн закъалташ хиллачийн могIаршлахь аьлла хаьттира Маршо радионо Берлинехь вехачу немцойн-кавказхойн доттагIаллин юкъараллин куьйгалхойх цхьаъ волчу Душуев Рахьмане. Цуо иштта дийцира цу хьокъехь.

Душуев: “Схьагучу суьртехь Шемара нах болчух тера ду уьш. Вайн махкахошца и санна хIума, тхуна хаарехь, нисделла дац. Нохчи меллаъ бевзаш бу кхузахь, вайн гIиллакхаш а, амалш а евза. Цундела и тайпа хIума вайчаьрга ца дуьйцу. Нис-м ло вайнаха юккъехь болуш цакхеташамаш, дукхахьолехь кхуза тIебаьхкинчу бусулба пачхьалкхашкарчу нахаца, дин тIехь дар-дацарш хуьлий. Амма иза мотт ца хаарца а, вовшах нийса ца кхетарца а доьзна хуьлу”.

Цу юкъана расизман орамашна тIехь деш долу зуламаш вуно экама а, лазаме а тIеоьцучу немцойн юкъараллехь а, Iедалхойн могIаршлахь а йоккха IалагIож яьккхина мухIажарийн юкъараIойлахь хехоша нахана таIзарш деш хилла бохучу костано. Лерина гулйиначу пресс-конференцехь Къилбаседа Рейн-Вестафалли лаьттан прокуратурин, кхелан а, полицин векалш бисхилира цу хьокъехь. „И тайпа сурташ боккъал а Гуантаномохь даьхнарш гичахьана суна гина дацара“, - элира цу лаьттан полисхойн декъан президент волчу Рихтер Франка, массо а къепедацарш толлург хиларх а, бехкеберш жоьпе озорг хиларзх а тоьшалла а деш.

Иштта телевизионехула хиллачун хьокъехь вистхилира Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Егер Ралф а. „И зуламаш бухера дуьйна схьа оха толлур а ду, и саннарг цкъа а кхин ца хилийта къа а хьоьгур ду“, - элира цо.

XS
SM
MD
LG