Тидаме эца деза Нохчийчохь дешаран хьал тоьллачех ца хилар.
«Дешар-серло, цадешар - бода», олуш долу дайн кица тIаьххьарчу заманчохь чоьте а ца лору Нохчийчуьрчу кегийрхоша, хIунда аьлча, царна шайна а ца хаьа, стенна оьшу дешар?
Амма, ца лаарх дешаран декхараллара дас-нанас бовлийтахь а, ца бовлуьйту уьш Iедало. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехк хьехархошна тIетотту бераша дешарца мало яр.
Кху деношкахь Кадыров Рамзана вовшахтоьхнера Нохчийчуьрчу лакхарчу доьшийлийн ректорш, хъехархой. Студенташна хьехархоша луш болу кхетам, хьехам лахарчу тIегIанехь, кегийрхошна пайде хинболчу кепехь ца хета шена, боху цо.
Шина институтан а, университетан а белхахошца хиллачу гуламехь Кадыров Рамзана сацамбина билгалъяьхначу доьшийлашкахь хьехархоша хIун Iамадо, муха Iамадо талла а, зен а шен векалш хьовсор бу ша аьлла.
Маршо Радионо теллира маьршачу Европерчу университеташкахь муха лаьтта-те хьал, аьлла. ГIертий-те Iедал дешарна юкъа? Буй-те хьехархошнатIехь олалла деш Нохчийчохь санна «комиссараш»?
БархI бIе шо ду Сорбоннера университет кхоллаелла а, лаьтта а.
Францерчу уггаре хьалхарчу университете терго ян лестий-те Iедал?
Цу хаттарна жоп делира Маршо Радиоца хиллачу къамелехь цигахь болх бечу историн Iилманийн доктора Вачагаев Майрбека.
Нохчийчуьрчу Iедалан и тайпа беламе кхетош-кхиоран кепаш сих-сиха нахала йовлу махкахь. Царех адамаша самукъне дийцар а дой дуьйцу вовшашка.
Масала, 2013-чу шарахь цIеххьана Кадыровна дагадеара шен гIоьнчийн хаарш зиэн. Буьйсанна кхо сахьт даьллачу хенахь тIедожийра цо хьаькмашна пачхьалкхан юкъара экзамен ялар. Амма цу хиллачу талламан бакъдолу жамIаш махкана хааза дисира.
Оцу тамашечу кепаша кхачор дуй-те къам боданера серлоне?