Солисташ - соьлж-гIалахо Кобзон Иосиф а, Саратовна гергарчу Аткарск-гIалара схьаяьлла Перфилова Алла а (Валерия) - Кремлна муьтIахь хиларца замано зийна ши артист ду.
Кху шеран бIаьста Оьрсийчоьно ГIирмина йина аннекси къобалъеш интеллигенцино хIоттийначу кехатна буха куьг а яздира цушимма.
Валерияс, масала, официалехь хастийра оьрсийн Iедал, цо доцу бахьанаш юхьара а эцна, кху шерашкахь массех стаг набахтешка хьийсийча.
Шинарийдийнахь Кобзон а, Валерия а концерт луш дара Лондонехь тоьлла ларалучу паччахьийн Альберт-Холлехь.
Лондонехь Путинна дуьхьалоечу юкъараллан жигархо ву Сидельников Андрей. Шина артистна Ингалсено шен неIарш елларна реза вац иза.
Сидельников: «Оьрсийчоьнан Iедало ден зулам дашца айден нах, тхан кхетамехь, бохкуьйтийла дац Малхбузене. Нахе жоп дала деза шаьш дечух».
Сидельников Андрейн тобан цIе ю "Speak Up !" (ЧIоггIа ала!). Хьалхо, Кобзонний, Валерияй Британе догIийла хиича оцу протестан тобано дийхира премьер-министре Кэмерон Дэвиде и шиъ персона нон-грата кхайкхадахьара аьлла.
4000 Британерчу вахархочо куьйг яздира оцу дехаран кехата буха. Цара бехкедо хIинца концерташ луш долу ши артист, уьш Кремлан харц-пропапагандисташ а лоруш. Хьалхо Латвино а санна, и ши артист Ингалс-махка ца кхайкхар, тIе ца эцар доьхура Сидельниковн тобано.
Сидельниковна хетарехь, уьш Лондоне битаро пиар йо Кремлна, мах байбо Европано а, Iамерко а Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьхначу санкцийн.
Сидельников: «Шалхенаш лелайо цара, цIахь дуьйцу Малхбале маьттаза ю, цигахь дерриг а вон ду, бохуш. Ткъа кхуза оьху ахча даккха, садаIа, я гIишлош эца».
Сидельниковс чIагIдарехь, Кобзонан йоI а, цуьнан бераш а Лондонехь деха. Ткъа Валериян воI Шуьлгин Арсений Швейцарехь пианист Iемаш ву – иза а хир ву Лондонерчу концертехь дакъалоцуш.
Лондоне Кремлан векалш ца лестийта гIертачу тобанаша – уьш доккхачу декъанна шаьш а бу оьрсий – ямартчу шалхонийн могIара дуьллу, политикаша цхьана агIор Кремлна доггIу таIзарш а деш, вукху агIор цунна аьттонаш латтор.