Украинера цуьнан дакъа ГIирма, цига тIехь тIеман духарца боцу «баьццара нах» а хьовсийна, Кремло дIадаккхаро цецваьккхира оьрсашца гергарлонехь веха Белорусин президент Лукашенко Александр.
Ткъа цул тIаьхьа Донбассерчу сепаратисташца хьан-сан а лелош, царна герзаш а, цаьргахьа тIом бан эскархой а хьийсош, Путин Владимира тIом гIатторо, шеко а йоцуш, кхерийра Европано Белолруссин диктатор лору Лукашенко.
Оцу хьоло ша белорус вуйла а, шен пачхьалкхан маршо ша Iалашъян езийла а кхеттачу Лукошенкос хийцира шен махках урхалла даран кеп а, риторика а.
Юьхьанца ГIирма оьрсашна йогIуш а, церан хила тарлуш а ю баьхнехь, тIаьхьо нийсса бIостанехьа дара цо дан долийна дIахьедарш.
Лукашенко: «Делахь юхадерза вай Монголийн-ГIезалойн ардангаша тIелатар динчу, Батый хан волчу замане. Дiало тIаккха казахашна Монголи, кхечунна - кхиерг, Оьрсийчоьнера дакъа а, Малхбузе, Малхбале Европа а, Белоруси хьа а ца еш! ХIунда аьлча, уьш тхуна тIе кхаьчна, амма зен ца дина тхуна. Стенна оьшу дIадаханарг кегон? Дозанаш юх-юха цеста гIуллакх дац».
Лукашенко Александр цIеххьана шен леларца а, Украинерчу конфликте болчу хьажамца а хийцавелла хилар гайтира Минскехь еа агIонан бутт гергга хьалха бертан дийцарш дIадоьлхуш. Оьрсийчоьнан, Украинан президенташца Путин Владимирца а, Порошенко Петроца а, Донбассерчу сепаратистийн лидершца а, ЕвроБертан векалца Эштон Кетринца а цхьабосса тIекаре, хIоранна а маслаIате хьехамаш беш, чекхвелира иза оцу дийцаршкахь.
Бертан барамал тIаьхьа Оьрсийчоьно Украинера ГIирма яккхаран а, хIинца Донбасс Кремлехьа ийзор а, Лукашенкона хетарехь, нийса дац.
Лукашенко: «Тхуна ца лаьа Украина йохийта. Дукхаболучара дуьйцуш хеза, ГIирма Украинах дIатохар нийса ца хилла, хьалха дуьйнна Оьрсийчоьнан мохк хилла иза, бохуш. И проблема нийса ца кхетор ду. Украина маьрша пачхьалкх хила ю».
Тергамхошна хетарехь, Украинехь иккхинчу тIамо а, Кремло нехан маршо хьоьшуш гаро а ойланаш йойтуьйту Беларусин президенте. Оцу хьокъехь бу цхьана заманашкахь Оьрсийчоьнан президентан хьехамча хиллачу политико, экономисто Илларионов Андрейс бутт хьалха Маршо Радиоца къамел деш бина тидам а.
Илларионов: «Суна хетарехь, Лукашенкона дIоггара лаа аца лаьа Белорусан эскарш Украине тIаме хьийсон. Бахьанаш – уьш дуккха а ду, иза шен малхбалерчу воккхачу лулахочух юьстах виса лууш ву».
Тергамчашна хетарехь, Лукашенко кхетавулуш хила а тарло Беларусна пайде доцийла Европана букъ тоьхна яха. Делахь а цара ца доккху тергонера цо дукха хан йоццуш деш хилла дIахьедарш а. Масала хIара.
Лукашенко: «Ас ма-дарра эр ду шуьга, Малхбузенехь цхьанне а хIуманна гуьнахь доцу къаьмнаш ду. Цара до даккхий къамелаш, ченаш а гIиттош, «тхо», «со», «ас» бохуш. Соьга гIеххьачул кхерам а боьссинера, тIом ма гIаттахьара, аьлла. Ткъа стагана Европе некъ бихкина бу, нахах цхьаберш цкъа а ца хилла Европехь, цхьаберш белхан декхаршца боьлхура. ХIинца царна магош дац цига баха. И ю-кх и Малхбале»!
Европа а, ша Беларус а, цуьнан президент Лукашенко а кхета шаьш лулахой дуйла, юкъарло шина а агIонна оьшийла. Цундела хаало таханлерчу хьелашкахь агIонаша вовшашка дикане сатийсарца хьоьжийла.