ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу къаьмнаша шен къам дакъаза даьккхина боху оьрсийн демографо


Оьрсийчуьра алкоголизм
Оьрсийчуьра алкоголизм

Кремло гонахара мехкаш дIаьлеца долийчхьана дуьйна лела оьрсашлахь шайх къахетар. «Оьрсий массанхьа а бу хьийзош, цаьргара кхечу къаьмнийн наха дIадаьхна дахаран хьелаш» - хеза оьрсийн юкъараллашкахь. Оцу могIара артикл арахецна оьрсийн къоман демографа Башлачев Вениамина. Ткъа мел ву иза бакъ?

Оьрсийн къоман таронаш а, бакъонаш а дуккхаъчу къаьмнашка дIасаекъна, шайн, оьрсийн, дахар чIана а доккхуш, аьлла хета юхьанца радиоэлектроникехь болх а бина, 1990-чу шерашкахь демографи талла волавеллачу Башлачев Вениаминна.

Оьрсийн къоман кхетам кIирболош, бохош баьхкина историн муьраш бовзуьйту демографа Ленинан заманара дуьйна схьа. Оцу карчамийн говзанчас болийра, боху Башлачевс, оьрсийн дакъаза баха.

Ленина, оьрсийн къам кхечу къаьмнашна тIеязъеллачу къизачу акхарочух тардеш, цунах «держиморда» элира, кхечу Оьрсийчуьрчу кегий къаьмнех оьрсий дIатарбен некъ а къастош, яздо Башлачевс.

Ленинна тIетайначу революцин кхечу баьччано Бухарин Николайс, оьрсашкара бакъонаш дIа а яьхна, кхечаьрга дIалуш теори кечйира, цунна хетарехь.

Оцу заманахь дуьйна кхетамехь эшабеш, кхечарел шаьш оьшуш хоьтуьйтуш, схьабалабо Кремло оьрсий, аьлла хета Башлачев Вениаминна.

Демографа кхидIа гойту, оьрсийн къоман кхетам пачхьалкхо охьатаIор бахьана долуш, оьрсаша лайна баккхий «эшамаш».

Кхетамца къам жимдалар, дуьхьалоян, шен бакъо къовса гIорасиз дисар го цунна Советан Iедал доьхча оьрсий массо а республикахь бухарчу къаьмнаша хьийзо долор а, мехкашкара, цуьнан маттаца аьлча, аратасар а.

Масална дагалоьцу Башлачев Вениамина Алма-Атахь, Душанбехь, Тувахь бухарчу наха оьрсашка цабезам а гойтуш, царна дахарехь гатто хIотор. Иштта бехкейо Кремл а, цо оьрсашна бухарчу къаьмнашца къийсадала некъ ца битира бохуш.

Уггаре боккха Iаткъам хилла оьрсашна Нохчийчохь, яздо шен къомах дог лозучу Башлачевс. Амма яздо цигахь тIом а ца хилча санна, и тIом махка чубаьхьинарг шаьш оьрсий а ца хилча санна.

ТIемаш буьйлабалале, 1989-чу шеран терахьашца, Нохчийчохь 300 эзар гергга болчу оьрсех, 2002-чу шеран статистика хьажча, ца висина 40 эзар стаг бен, боху Башлачев Вениамина.

Цо бахарехь, и нах Кремло къоман кхетамах баьхна а, шаьш бухарчу нохчел оьшуш ду бохучу ойлане кхачийна а бара, цундела йитира цара шайн дайша цIий а Iенош яьккхина Нохчийчоь, аьлла хета авторна.

Ткъа муха дара бакъдолу сурт, муха дIаоьхура Соьлж-ГIалара, Гуьмсера, Устрада-ГIалара, Новр-ГIалара оьрсий, мел эшамаш хуьлуш бахара уьш цигара? Оцу хьокъехь лелларг дагалацар дийхира Маршо Радионо филологин докторе Арсемиков Хьамзате. Цо иштта дуьйцу.

Арсемиков: «Оьрсий, уьш дIабахийтина а бацара, я лаьхкина а бацара. Дудаев ЖовхIар санна, оьрсийн къоман доладе бохуш президент суна цкъа а гина а вац. ГIалахь кхиина а болуш, вай Сибрехара цIадаьхкича дуьйна вайца баьхна болу нах, муьлххачу а къомах уьш хилича а, вайна новкъа хуьлийла дацара".

Таджикистанехь а, Нохчийчохь а шайн хиллачу эшамаша хIуманна а ца Iамийра оьрсий, боху демографа Башлачев Вениамина. Иза цо тIедузу Украинехь оьрсаша ловш бу аьлла шена хетачу баланна. Советан пачхьалкх йохале цигахь Iийначу оьрсийн чот а лахъелла 11 миллион тIера. Цара а лов тахана гIелонаш, боху Башлачевс. Иза цецвуьйлу, оццул болу уьш ма-оьшшу стенна ца хIуьтту Украинан Iедална дуьхьал герз а карахь, бохуш.

КхидIа демографо даладо Оьрсийчуьрчу хIора кIоштахь бахархойн-оьрсийн чот лахлуш хилар гойту терахьаш.

Ткъа дерриг а иза ала гIертарг ду, кхетам оьрсийн кхечу хорша берза беза, цо шен бакъонаш, шен даха а, кхиа а аьттонаш къовсамехь баха беза бохург. И къовсам муьлхачу кепехь, таррашца, тоьпашца, гIатто беза, хьаьнгара, мила эшош цу къовсамехь толам баккха беза – иза, бакъду, ца хоуьйту оьрсийн демографо Башлачев Вениамина.

XS
SM
MD
LG