Бертахь а, бертаза а Iедалан балхахь мел болчу нахана хьовсархой хилар тIе а дожош, Соьлжа гIалахь кест-кеста дIахьучу даздаршна тIе цхьана билетах 500 сом доьху механа еза цирк а кхетта.
Дуьненан массо маьIIера беза-баккхий хьеший а кхуьйлуш, кху тIаьхьарчу шерашкахь хаддаза дIахьуш ду Нохчийчохь тайп-тайпана даздарш. Цу кепара Iаламат зевне цхьа могIа даздарш, цхьаьнакхетарш дIадехьна Соьлжа-гIалахь чекхбаьллачу ГIадужучу- баттахь а.
Мехкан куьйгалхо винчу денна лерина йина яьккхинчу “Колизейчохь”, масала, дIадаьхьна, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара баьхкина латархой а болуш , луьра буй-тIара дар а.
ХIинца цу чохь, бахархойн самукъадоккхуш, болх беш ю Москохара еъна Никулин цIарх цирк. Iедалдайша цу чохь гайтам моссазза хуьлу и хьалаюза юха а декхарийла бина пачхьалкхан балхахьаболу бахархой.
Вуьшта аьлчи, массо хьукхматийн, урхаллийн, доьшийлийн йоккха- жималле хьаьжжина, хьалххехь дуьйна а дIасадекъна ду билеташ. Даима а санна цу рогIерчу биллам-тIедожорна хьалха ца бисна ярташкара а, гIалара а хьехархой. КIотIаршкара цхьа гуттар кIезиг дешархой болу кегийра ишколаш йоцург цирке баха бIе билет ца кхочуш наггахь доьшийла а ца йисна.
Масала 300-400 дешархо велахь 500 сом мах болу I00 билет ло, ялх-ворхI бIе дешархо велахь 200 билет . Ма-дарра аьлчи, 500 сом а луш уьш эца хьахархойн декхарийла беш бу. Хьехархой дукха-кIезиг хиларе хьаьжжина цхьанна диъ кхочуш а нисло, 5-6 а кхочу. Духкучо дIадухку, цадухкучо шен гергарниш бохуьйту цирке.
Ала догIу цигахь бахархошна бIегIийла хеташ хIума ду кхо шо кхаччаза долу бер аш маьхаза цирке хьовсуьйтуш хилар. Цирке яха бертаза ялх билет эцначех ю Соьлжа гIалин кIоштера цхьана ишколера оьрсийн меттан хьехархо Тамара. Цо дуьйцу, тийна-тIаьIIа болх байтар метта шайна бечу тIеIаткъамах а, совнаха дечу тIедахкарех а.
Тамара: «Суна ялх билет делла. Ас царех 3 эзар охьадиллина. Цирке а бертаза бохуьйту, футболе а, концерташка а хьовсабо ишта, газеташ яздойту ницкъала. Ишколана 200 билет делла боху. Билет эцна ас, бакъду газеташ ца яздина, молханаш эцначул тIаьхьа ахча тоахь яздийр ду аьлла. Доцца аьлчи, ишколах, йоза-дешар Iамадарх дозаделла а доцу массо хIума а ца лаахь а лууш санна дойтуш ду-кх хьехархошка…»
Ма-дарра аьлчи лоьрашна а, хьехархошна а, гIуллакххошна а, могIарерчу белхахошна а хаза нехан санна халонга даьлла, лаахь а ца лаахь а, таро елахь а, яцахь а тайп-тайпанчу даздаршкахь гIала д1акхийлар а, кхузза-цигга бохуш, хьо вахча а, ца вахча а, цирке , футболе, концерте бохуш ахчанаш дIаийзадар а.
И гIуллакх цхьатерра бале даьлла массарна а.
Хьехархошка а, лоьрашка а, кхечу белхошка а тIехь боцу бехкамаш кхочушбайтар, корматаллин декхарш доцуш, нехаш лехьаяр биста кхаччалц муьлхха а белхаш дайтар юххера девзачех ю Сьлжа-гIалара хьехархо Лида а. Цо аьттехьа а ца дуьту хьехархойн а, лоьраш а шайн лаамехь, бертахь оьху синкъерамашка бохург.
Лида: «Мукъа деношкахь цIахь гIуллакх дан а лаьа, садаIа а лаьа. Каникулаш йоллушехь кху баттахь а охьаховша дуьтуш-м дац тхо. Кху беттан 3-чу дийнахь футболе дигна тхо, 4-чу дийнахь цхьаллин деза де ду аьлла, юха а Соьлжа-гIала дигна. ХIинцца цирке дахана. Дог догIий уьш лело. Лаам хила ца беза? ТIетаса хIумнаш а хьуш футболе оьхуш ду-кх тхо. Телегойлехь а цуьнга хьовсуш доцчу оха зударша хIун до стадионехь? Шен лаамехь вахар хьехош а дац…»
Кхузахь бIаьрзечунна а гуш ду шо-шаре мел долу а Iедалан белхахой шайн чоьтах даздаршка кхийлар а, футболе, цирке,концерташка ишта кхечу синкъерамашка эха декхарийла бар а марсадалахь бен лахлуш дац.
И тIедахкарш дечара хьесапе оьцуш дац дог делахь а дацахь могIарерчу нахана цу синкъерамашка эха ахча мичара дала деза бохург.