ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тойнах а ца кхеташ, ведира саммитера Путин...


Австрали -- G20 саммите веана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Брисбен, 15Лах2014.
Австрали -- G20 саммите веана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Брисбен, 15Лах2014.

Австралехь кIирандийнахь дIайирзина G20 саммит йийцарейо дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсаша. Церан массеран а аьлча санна юкъара ойла ю: Оьрсийчоьнан изоляци чIагIлуш ю, ткъа Кремл шен Украинера политика хийца дагахь а яц.

„Ма моьтту ца нисделча, ма торру“, бохучу кицанца догIуш ма-хиллара, Австралерчу G20 саммитехь шена луург ца хилча, ка ма-доллу цу юхьIаьржонах, хIумаъ ца хилча санна, кеп йина чекхвала гIоьртина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Хьалха шерашкахь муьлхачу дуьненан нуьцкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхой вовшашкхеттачех вуно ша шех бIобулуш, эвхьаза забарш ян гIерташ, я мацах Мюнхенехь кхерамазаллин конференцехь санна, дуьненна а кхерамаш тийса а гIерташ, цхьа ша -тайпанчу стеран кеп лелош хаз хетагш хилла волу иза, гарехь, цецваьллера шена динчу шийлачу хьошаллина. Цундела хенал хьалха цигара дIа а вахара иза, дцоу бахьана а лехна.

Ткъа стенна тIехь гуш дара Оьрсийчоьнан президентаца йолу юкъаметтигаш Малхбузехь сел хийцаялар? Иза дера дара путин Владимира Австралин лаьттахь дуьххьара коглевзичну мIаьргонехь дуьйна хаалуш. Аэропортехь кеманна тIера иза охьавуссуш цунна дуьхьал веънарг Австралин урхаллерчу хьалхарчу могIарера куьйгалхойх цхьа а вацара, веккъа цхьа цу пачхьалкхан тIеман министран гIовса вара.

Дустархьама аьлча, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана Обама Баркъна а, Китайн куьйгалхочунна Цзинпин Сина а дуьхьал вахнарг ша Австралин инарла -губернатор вара. Олуш ма-хиллара, тергалйе башхалла!

Цул совнаха шена тIе тидам бохуьйтуш кхин цхьа керла хIума а дара- нагахь санна хIинцалца массо а цу кепарчу цхьаьнакхетаршкахь пачхьалкхийн лидерша доккхучу юкъарчу суьрта тIехь Путин даима а аьлча санна уггаре а юккъехь, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана а, Британин а, Германин а куьйгалхошна а юххе хIуттуш хиллехь, хIинца и санна сурт доккхучехь Оьрсийчоьнан президент уггаре а йистаха, буо бер санна лаьтташ вара, ур-аттала шена уггаре а уллохь нисвеллчу Къилба Африкин президентах Зума Джейкобах мелла а дIахила гIерташ санна гена а ваьлла.

И деталаш, могIарерчу тергамхошна башха мехала ца хетахь, амма дипломатийн мотт бевзачарна хууш ду, уьш мел мехала а, мел чулацаме а ю.

Политолога Чапханов Русланна, Венерчу Малхбалин Европин институтан Iилман белхахо волчу, хетарехь, иштта Путин Австралехь шийла тIеэцаро гойту, дуьненан куьйгалхой цуьнан леларех а, цуьнан эвхьазчу забарех а, цуьнан бакъонех цавашарх а кула даьлла хилар.

Чапханов Руслан: „Хьалха а иза (Путин) тIе ца эцча ца волуш, вайн дайша олуш ма-хиллара, „наха шайн вайн вониг дIа а эцна, шайн дикаверг схьалур вац вайна“ бохуш, ловш вара иза Малхбузерчу куьйгалхоша. ХIинца цара шайн риторика хийцина. Хьал хийцаделла. Царна цуьнан эвхьаза забарш а кIордийна. ХьастагIа цуо Меркелца шен цхьаьнакхетар долчу хенахь йина хилла эвхьаза забар, схьахетарехь, цуо тIаьххьара йинчух тера ду.

Украинера хьал шайх а хьакхалуш дуйла кхетта Малхбузера куьйгалхой а, пачхьалкхаш а. Къаьстина хIинца цунна шийла хьошалла дина йолу Австрали – церан дукха маьрша нах байъина Украинехь чудаийтинчу кеманчохь. Ткъа и кема оьрсийн питанца чудеана дуйла хичуьрчу чIерашна а тIехь хууш ду. Цундела кхин дIа а иштта шийла гергарло хир ду аьлла хета суна Малхбузерчу куьйгалхойн Путинца“.

Политолога Чапханов Руслана ма-аллара, дуьненан кхиинчу пачхьалкхийн куьйгалхойн путинцав шаьш къамел дечу хенахь йолу риторика хаъалла хийцаелла. Иштта, масала, Джи 20 саммитехь ца ваьлла Путинна уллохь нисвеллачу Канадин премьер-министра Харпер Стивена юхь-духьал элира цуьнга: „Хьоьга куьг-м лур ду ас, амма цхьа хIума-м эр ду ас хьоьга. Украинера йорт ян деза аш сихонца“, аьлла. Цунна дуьхьал, ала дашна, Путина велакъажар бен кхин хIуммаъ ца аьллера.

Шен рогIехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Баракъа Оьрсийчоьно Украинехь лелош дерг карарчу хенахь Эбола цIе йолу цамгар дIаиккхичахьа уггаре а боккха кхерам бу дуьненна, элира. Цу хьокъехь Украинин малхбалехь чудаийтина хилла долу маьрша некъахой дIасалелон Боинг кема а хьахдеш, иза гаррехь оьрсаша дина ца аьллехь а, амма цунна нундохуш.

Изза Боингаца хилла болу бохам немцойн канцлера Меркел Ангелас а хьахийра, Украинера хьал цу махкана бале даьлла ца Iаш, доллучу дуьненах а хьакхалуш хилар билгал а доккхуш. Сидней гIаларчу дуьненаюкъарчу политикан институтехь ша йистхуьлуш цуо элира, Кремло Украинехь дIахьош йолу политика цхьаьна Украинин кхераме хилла ца Iа, иза доллучу дуьненна а кхераме ю, аьлла. Уггаре а хьалха амма сингаттаме хьал Оьрсийчоьнна луларчу Гуьржехахь а, Молдавехь, Балтика хIорданна уллорчу пачхьалкхашкахь а ду элира цуо.

И дерриге а тидаме эчца, цецволийла дац Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хенал хьалха Австралера дIавахар. Кхечу пачхьалкхийн куьйгалхой цхьаьна марта даа гулбелла Iашшехь, иза шен тобанца цIехьа вирзинера. Официала бахьана цуо ша бан безаш болу беха некъ а, цул тIаьхьа оршот дийнахь Iуьйранна балхахь Кремлех хила везаш хилар а далийнехь а, амма массарна а кхеташ дара – Кремлан куьйгалхочунна дуьххара шен цIоканна тIехь гинера, ша мел хийра ву кхиинчу пачхьалкхийн куьйгалхойн могIаршлахь бохург.

XS
SM
MD
LG