ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путина велла а, висина а сацор ду шегахь дарж"


Франци --Оьрсийн бизнесхо Колесников Сергей, 19Лах2014
Франци --Оьрсийн бизнесхо Колесников Сергей, 19Лах2014

Путин Владимирца цкъа зIенехь а лаьттина, эгIна, хIинца Оьрсийчоьнна юьстах вехачу бизнесхочо Колесников Сергейс интервью елла Маршо Радиона. Цо йовзуьйту Оьрсийчоьнан президента а, цуьнан гоно а кхоьллина аьлла шена хетачу коррупцин машин схема. Кириленко Анстасиян, Синделар Дейзин а артикл.

6 шо даьлла Петарбухахь бизнесхочун некъ карийна хиллачу биофизикна, 66 шо долчу Колесников Сергейна ша гергарлонехь ваьхна Путин Владимир ганза. Оццул хан ю цо президента кхоьллина бу аьлла шена хета коррупцин маза Iорабаха болийна а. Цундела 2010-чу шарахь, шена гонаха Iожаллин кожалг хьийзо йолийча, ведира иза Оьрсийчуьра. Веха ур-атталла ша сецна пачхьалкх а Iора ца яккха а гIерташ.

Колесников Сергей тешна ву, Оьрсийчоьнан цIарх мел дийриг веккъа цхьана Путинна бехке дуьллийла дац бохучух.

Колесников: «Хьалха а, хIинца а, ас кхеторехь, массо а ву сацамийн жоьпалла цунна тIедожош. Хенан декъехь цхьана стаге тIе ца эцало тIех дукха сацамаш. ТIегIанашца лахара болчу наха бен сацамаш чоьтехь а бац, цу тIе, телхаш ю тIегIанашкарчу нехан корматалла а».

Пачхьалкхан лард, система, могуш-маьрша йолучохь, лах-лахарчу зIено шена ша дечух жоьпалла тIе а оьцуш, кхоллало, ткъа Оьрсийчохь иштта дац. Цигахь кхоллаелла Iедалан тIийриг лакхарчийн карахь ю, лахарчу хьаькамашкахь хIумма а дац. Иштта боху Коесников Сергейс.

4 шо хьалха, ша Оьрсийчуьра водучу сацаме вале, Колесников гIиртира хIетахьлерчу президентна Медведев Дмитрийна коррупцин маза гучубаккха. Цо диллина кехат даржийра зорбанехь премьер волчу Путинна, низам а дохош, Iаьржа хIорда йистехь миллиард долларх еш лаьтта гIап-гIала йовзуьйтуш.

Жоп делларг шен Путин Владимиран пресс-гIоьнчалла яра. ТIулга тIехь тIулг ца буьтуш, аьшпаш буьттург вира кехатан автор Колесников.

ХIинца Путин ахча шена маьIне а доцуче кхаьчна – иза цуьнан дахьа меттиг ца хиллал дукха ду.

Колесниковс йовзуьйту Путинан ахча дебош йолу схема, аьлча а, цуьнан цхьа дакъалг. Бизнесхочо гойту и схема хIотталло дукха хан йоццуш цивилан дуьнено санкцийн декъа йигинчу «Россия» банкана гонах. Иза Оьрсийчоьнан лаккхарчу куьйгалхойн долара банк ю, чIагIдо Колесников Сергейс. Оцу банко а, шена кхочучу декъанна, дузу Путинан киса, шена ахча IаIочу гонашкахь цунах, цуьнан бакъ цIе къайла хьош, "Михаил Иванович" олу, боху Колесниковс.

Оьрсийчоь --Путинан гоно цунна ахча гулдаран схема, Колесников С.
Оьрсийчоь --Путинан гоно цунна ахча гулдаран схема, Колесников С.

Путинан ахча дебош къахьоьгучу нехан йохучу цIерашлахь Колесниковс вовзуьйту бизнесехь шен накъост лаьттина Шамалов Николай а. Хьалха шаьшшимма «Петромед» олучу дарбан цIенош тодечу, пачхьалкхан контракташ караоьцуш, медикан техника оьцуш-яржош хиллачу компанин доладира, боху Колесников. Ткъа хIинца хIара ша мостагIийн могIара а ваьлла, Путинна а, шен компаньонна а генаваьлла Iаш велахь а, Шамалов «Россия» банкан коьртачу акционерашлахь ву.

Миллирдаш ловзочу ткъеха компанин, церан дайн цIерш йовзуьйту Колесниковс, кехата тIехь схема а хIоттош. Цо тидарехь, коррупцин доккхачу декъан маза бу цо гойтург.

Ткъа Геленджикехь Путинна еш ю баьхна еакIо, 3000 километр дIалоцу гIап-гIишло, ша гIар-гIовгIа эккхийтинчул тIаьхьа, кар-каралуш, цхьамма вукхунна йоьхкича, иза кхечо эцча санна, кехаташца а хьовзийна, да мила ву тIаьхьа ца кхуьуучу яьккхина, амма шена хетарехь, и гIишло хIетте а ца яьлла Путинан карара, аьлла хета Колесниковна.

Масалшца коррупцин маза гойтучу оппозиционерна хетарехь, Путин Владимран шен са лардан оьшуш стратеги ю карара Iедал ца далийтар. Иза мел вехаш велахь а, хьоло цхьана соне таIийна, боху Колесниковс.

Колесников: «Коррупцин ларда тIехь боттабелла Путинан го. Iедал кхечуьнан я кхечу нехан каракхачийтар – иза боккха кхерам бу, бехктакхаман гIуллакхаш айдийр ду тIаккха Iаламат дукха, жоьпе озо а сахьт дац».

Цундела Путинан, велла а, висина а, йиш яц шен карара Iедалан мукъ балийта. Колесниковна хетарехь, Украинехь тIеман компани йолор а ду Путинан, халкъо ян тарлучу критикан цхьамза коррупци тIера а яьккхина, лач-патриотизман хорша ерзо гIертар.

Нагахь санна шен дахар баккъал а кхерама кIел дужу аьлла, кхералахь, Путина зарратан герзан карта а долор ду лесто, боху Колесниковс.

Колесников: «Ши шо хьалха хьанна моьттура Европан дега юккъехь тIом оьккхур бу, эзарнашкахь нах а бойуш. Тахана иза долуш дерг ду. Изза алало вайга зарратан герз караэца тарлуш хиларх а. Цунах вай кIезиг тешаш хила тарло, амма бух боцуш-м дац иза».

XS
SM
MD
LG