ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх туьма доккху цхьана долларх


Юха а дайделла Оьрсийчоьнан сом. Оршотан Iуьйранна цхьана долларх лора 61 сом. Амма тIаьхьо иза жимма дазделира. ХIинца цуьнан мах бу 6 туьма Говзанчаш дийцарехь, сом жимма даздаларан бахьана ду Оьрсийчоьнан коьрта банк юкъагIортар.

Хаамийн агенталлаш дийцарехь, Iуьйранна долларан мах цхьана соьманна хьалабаьлча цхьана минотехь доьхкира 300 миллион доллар. Изо билгало яра Оьрсийчоьнан коьрта банк цу юкъахь хилар. Оршотан дийнахь цхьана Еврон мах бара 75 сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG