Iамеркин Конгрессан декъашхоша кхайкхам бина президенте Обама Бараке Украинина гIо дарх лаьцна даханчу кIиранах Конгрессо тIеэцна низам сихха тIечIагIде аьлла. Цу низамца а догIуш, керла санкцеш кхайкхо езаш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал.
Сенатан дуьненаюкъарчу юкъаметтигашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Менендес Роберта динчу дIахьедарца, и низам тIеэцар толам а хилла дIахIуттур дара Украинин халкъана.
Цу тайппа дIахьедар дина Векалин чоьнан спикеро Бейнер Джона а. Оршотан дийнахь КIайн ЦIийнан зорбанан секретаро Эрнест Джоша дIахьедар дина президентан администраци довзар Iалашонца толлуш ю и низам аьлла. Иза тIеэцарх болу сацам хIинца а бина бац Обамас элира цо.