ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзаш деттарна вовше бехке бо Украинин эскархоша а, сепаратисташа а


Даханчу дийнахь-бусий 16-зза герз тоьхна Украинин къилба-малхбалехь контртерроран операци дIахьош долчу Украинин эскаршна. Цунах лаьцна хаам бина тIеман операцин зорбанан сервисо. Коьртачу декъана сепаратисташа герзаш диттина Донецкерчу аэропортана а, Чернухино олучу эвлан йистошка а.

Донецкан халкъан олучу республикан тIеман ницкъаша минометаш йиттина Старый Айдар а, Золотое а, Попасная а олучу ярташка а, ткъа иштта Углегорск эвлан йистошка а. Цул сов, сепаратисташа 5-зза Град тоьхна Украинин эскархойн позицешна.

Шайн агIор сепаратистийн векалша бехке бо Украинин ницкъаш герзаш деттар дац аьлла бина барт бохорна. Цара чIагIдарехь, Украинин эскархоша минаметаш йиттина Донецкана гонаха а, Пески эвлан йистошка а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG