Францехь хIинца а дIадоьлхуш ду Charlie Hebdo журналан кхерчахь I2 стаг вен а вуьш, кхин II-тана чевнаш а еш кхаари дийнахь динчу зуламан талларш. Сахиллалца коьртачу шахьарахь Парижехь, цуьнан гуонашкахь а жураналан редакцина тIелеттарш лахаран операци яра меттигерчу Iедалхоша дIахьош.
Полицерчу хьостанаша баржийначу хаамца, цу тIелетарехь дакъалоцуш хилла ши ваша, 32 шо долу Куаши Шарипий, 34 шо долу Куаши СаIидий. Иштта царна гIо деш хилла аьлла лехаме велла вара I8 шо долу Мурад Хьамид, амма иза полицина тIе вахана, шен бехк бацар дIахаийта – цуо дийцарехь, и зулам дечу хенахь иза ишколехь хилла.
Зуламхоша тIелатар дина долу сатирикан журнал Парижерчу II-чу кIоштарчу цхьана хIусамехь редакцйи йолуш ду. И журнал дуьххьара 2006-чу шеран чилла баттахь дуьненна а гIарделира, цуо Мохьмад пайхамарна, Дела салам хуьйла цунна, кхардаме карикатураш зорбане яьхча.
Ала дашна, и караикатураш журналан белхахоша ехкина яцара хIетахь, мелхо а, ала мегар долуш Charlie Hebdo журналан белхахой дуьненчохь цу хенахь шуьйра яьржинчу карикатурийн скандалан цинцаш лахьон гIоьртира, хIетале Малхбузерчу Европера тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу хаамийн гIирсаша цхьаммо вукхунна тIаьхьа зорбане даха кхиина долу и кхардаме сарташ шен агIонашна тIе а тоьхна.
Оццу Францехь а Charlie Hebdo журналал хьалха и карикатураш зорбане яха кхиинера France Soir газета. Ткъа йоллане и карикатурийн скандал хIетталца цхьанна а башха ца девзачу Данерчу Jyllands-Posten газетехь уьш дуьххьара зорбане яларца а, и бахьана долуш бусулба наха протестийн акцеш дIаяхьарца а йолаелира.
ХIинца, цул тIаьхьа 8 шо даьлча, цу IалагIожан йилбаз-мохь иштта къаьхьачу кепехь тIаьхьакхиъна ала мегар журналан белхахошна. Вийначарна юккъехь ву журналан коьрта редактор Шарбонье Стефан а, комиксийн автор Кабу Жан а, цхьа могIа а кхин а мехалчарех журналан белхахой а.
Доллу дуьне а цецдаьккхина долу и зулам динарш билгал мича Iалашоне кхача лууш хилла бохург кхеташ дац. Хьалхарчех верси – и карикатураш зорбане яхарна бекхам бан лаар ду. Зулам дечу хенахь тешаша къайлаха яьхначу видеородикаш тIехь гуш а, зхезаш а ду юхь тIе тутмIаьжигаш йоьхкинчу, герзах воьттинчу шина стага „АллахIу Акбар!“ бохуш мохь бетташ. Иштта цхьаццаболчу тешаш чIагIдо, цу шиммо шаьшшиъ Йеменерчу аль Къаидан декъара ву аьлла бохуш.
Мухха делахь а, бусулба динан цIарах лелачу радикала хьежамаш болчу нехан кхетамашкахь а, церан дуьне а, шаьш а гарехь вуно тамашийна а, йоккха шаьш шайна идентификаци яран кризис хилар а, царна шайн дин вуно чIома гуш хилар а гойту цу бохамо, аьлла хеташ бу аналисташа. Европерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхочунна Асхабов Хьамзатна хетарехь, бусулбачийн керлачу чкъурана ца хаа я ца лаьа шайн бакъонашкахь низамаш хоршехь къийса, царна деррига а герзанца къастон аттоха хета.
Асхабов Хьамзат: „Вайн массеран а масала Делан Элча ву, Делера салам-маршалла хуьйла цунна. И хIума цара цунах лаьцна карикатураш йинера аьлла дина делахь, цуо шен дахарехь цул дуккхаъ халоха хIумнаш лайна, цкъа а тIаьхьа бекхамаш а ца бина цуо. Ма-дарра аьлча, и журнал башха наха доьшуш а дац, я цуьнан йоккха тираж а яц. Цара иштта и Делан Элча сийсазвеш сурт диллина хилча а, уьш баъйа а ца боьлхуш, церан редакци хьалха цхьа пикет йина, я митинг йина, низамца шайн бакъонашкахь цу наха къийсина хиллехь, царна Iедалера а гIо хир дара, тхан дин ду сийсаздеш ерш, тхан ойланаш а, хьежамш а бу хьоьшуш берш олуш болх бинехь цара. Амма цунна метта и санна болчу зуламхоша я цхьанхьа цхьаъ оьккхуьйту, я иштта хIинца санна герзаш детта, бехке ца бехке ца къастош“.
Цхьанна а кепара бакъдан йиш йолуш я кхетам болчу наха тIеэца йиш йолуш хIума дац Парижехь Charlie Hebdo журналан белхахошна тIехь йина йолу къизалла аьлла тешна ву политолог Асхабов Хьамзат. Мелхо а, маьршачу нахана а, царна юккъехь иштта бусулба нахана а вуно доккха зулам лору цуо иза.
Цу юкъана Евробертан пачхьалкхашкахь кхаарин сарахь дуьйна байъинарш дагалецаран а, цеарн сидйлара а акцеш ю дIайоьлхуш. Берлинехь а, Стокгольмехь а, КопенхIагенехь а, Венехь а меттигера нах арабевллера спонтанечу демонстрацешка, карахь чIурамаш а долуш, „тхо а ду Charlie Hebdo журналера“ боху йозанаш долу транспоранташ а лаьцна. Царна юккъехь дуккхаъ бусулбанаш а бу, шаьш Парижехь хиларг санна долу зуламаш емал деш хилар а. Шаьш цу кепарчу талорийн декъа ца хилар а гайта арабевлла.
Францехь а, Германехь а, Австрехь а уггаре а лакхара терроран кхераман тIегIа дIакхайкхина Iедалша. Полицин ницкъашца лардан долийна цу мехкашкара зорбан цIенош а, редакцеш а. Иштта вуно дукха Iедалхой бу дукханах гуллучу а, туристаш лелачу а майданашкахь къепе ларйан арабевлла.
Ала догIу, Charlie Hebdo журналехь кхаари дийнахь дилина тIелатар кху тIаьхьарчу ткъо шарахь уггаре а къиза а, йоккха а теракт хилла дIахIоттар. ТIаьххьара цу кепара зулам Францехь I995 шарахь хиллера, хIетахь Парижерчу метро чохь экхийтар дина вийра 8 стаг, I79 стагана чевнаш а йира.