ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузене цабезам хилар алсам даьлла Оьрсийчохь


Оьрсийчура «Левада-центро» бинчу талламца, цкъа а ца хиллачу кепара Малхбузенна дуьхьал ойланаш йолуш бу Оьрсийчура бахархой. Иштта 81 процент оьрсий вочу агIор хьожуш ву Iамеркин Цхьанатоьхначу Штаташка. Вашингтонан а, Москохан а мостагIийн юкъаметтигаш ю аьлла хетачу нехан терахь иттозза алсам даьлла Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу цхьана шарахь.

Евроберте безам боцучу нехан терахь ду оьрсашна юкъахь 71 процент. Евробертана юкъайогIуш йолу пачхьалкхаш Оьрсийчоьнан мостагIий хеташ бу 24 процент оьрсий. Цхьа шо хаьха цу тайпа ойла йолу нах цхьа процент а бен бацара. Цу юкъана 40 процент респонденташна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша тоян еза Малхбузерчу пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш.

Оьрсашна Iамерка мостагI хетар хийцалуш дац, ткъа Евробертах а, Украинех а лаьцна йолу церан ойла кхин а телхаш ю аьлла хета «Левада-центран» директоран когаметтана Гражданкин Алексейна. Цо дийцарехь, Малхбузене оццул цабезам хилла бацара оьрсашна юкъахь кхун тIаьхьарчу 25 шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG