Украинан иччархошна тIе а тевжаш, баржийна кадыровхой Донбассера дIабоьлху боху хаам сепаратисташна а, оьрсийн эскаршна а духьаллаьттачу Антитерроран центро. Кадыров Рамзана омра делла цаьрга цIабахка, боху оцу хьостанаша.
Украина, шайн пачхьалкх, герз карахь ларъечу эпсаршна хетарехь, кхо бахьана ду кадыровхошна Донбасс дIатаса.
Хьалхара бахьана. «Донецкан Республика» шайх олучу сепаратистийн бIаьхошца диллина девнаш церан латтар. Дукха хьолахь, мелча кадыровхошца доьналла къовса арабовлу мелла оьрсий-бIаьхой. Хьешаша шайна тIехь гIелояр, олалла латтор хьайна бухарчу кегийрхошлара схьабевллачу оьрсийн тIемалошна. Тхо тхайн цIахь ду, шуна хьалха несаллахь лелар дац, олий, дуьйлучу девнашкахь массех кадыровхо вийна, хаам бо Украинан иччархоша.
ШолгIа бахьана ду, боху хьостанаша, Донбассехь инарла Мунаев Iиса вийнийла а хиина, цига Ичкерин бIаьхошлахь леллачу нохчий керла тобанаш йоьлхуш хилар. Иза хиина, бухара дIабовлуш бу кадыровхой, аьлла хета Антитерроран центрна.
КхоалгIа ду аьлла даладо бахьана, ша Нохчийчохь а, ерриг а Кавказехь а Iедална дуьхьал кхераме хьал латтар. Оцу могIарара ду, дийцарехь, бутт хьалха Соьлж-ГIалахь полицица гIаттамхойн иккхина хилла тIом а. Шена Кадыров Рамзанна а кIордийна шен нах Донбассерчу куьйгалхоша шеко а йоцуш лийр болчу тIемашка кхийсар, маьIна а доцуш, уьш эгаш хилар.
Донбассехь бухабисина Нохчийчуьра ницкъаш – уьш Кадыровн полицера нах бен бац, цара лаккхарчу мехах Донбассерчу хьакамийн догIамаш лардо, боху Украинан Антитерроран центран векалша.
Дерриг а дуьненна а гург данне а бакъдац бохуш Кремль хиларе терра, атта дац Украинера баьржина хаам я бакъбеш, я харцбеш информаци зен.
Муьлш бу кадыровхой, муха буьйцу уьш Донбассехь, ерриг Украинехь? И хаттар делира Маршо Радионо Украинан маршо къуьйсучу «Айдар» батальонехь шена чов хиллалц сепаратистех а летта, цул тIаьхьа Антитерроран ницкъийн ветеранийн куьйгалхо хIоьттинчу Сергеев Кирилле.
Сергеевс цхьа агIо серлайоккху, лецначу шайн салташца уггаре къиза хьийзарш Нохчийчуьра баьхкина тIемалой хилар.
Сергеев: «ХIинцца Iийна тхо Антитерроран бIаьхошца иза дуьйцуш, кадыровхой ганне а гуш а ца хуьлу тIом беш, цундела оха кхетийна, уьш эскарийн букътIехьа, штабашкахь беха. Амма йийсарера юхабаьхкинчу эскархоша дуьйцу, уьш берраш а санна, кадыровхойн карахь Iийна – цундела тхуна, могIарчу салташна, хала ду уьш дIабахана я ца бахана ала. Амма шайца тIемаш бечаьрца-м ца го уьш тхан салташна.
Кадыровхой уггаре а къиза нах бу тхох йийсаре кхаьчначарна. ХIора цаьргахь хиллачу салтийчо Iазап лайна шайн догIмаштIехь. Къизаллах аьлча, тоъал йоккха фантази йолуш дабагIа до цара. Цундела йийсарера бахкинчара олуш ду, кхиболчаьрца кIеда хилалаш, амма кадыровхо каравеъча, деха а ца дуьйцуш, иза велаш. ХIунда аьлча, дийца а хала ду церан къизаллах лаьцна».
Кадыровхой уггаре къиза тIемалой бу Донбассерчу дакъошлахь аьлла тоьшалла дира Маршо Радиога волонтер, Украинан эскаршнакхачанца, духарца гIодеш волчу Ткачев Владимира а.
Ткачевс ша кхета боху, нохчий хатI кадыровхойн амалца догIуш доцийла. Я шаьш, украинахоша, уьш нохчий а ца лору, элира цо.
Ткачев: «Цигахь а, кхузахь а, шина а агIор ду нохчех лаьтта дакъош. Цхьаберш тхуна, Украинан маршонехьа къийса баьхкина бу, вуьйш террорхойн ши мохк «Донецкан, Луганскан Республикашкахьа» лета баьхкина. Низам а талхош баьхкина оьрсийн эскаршца кхуза баьхкинарш.
Нохчийчохь тIемаш лаьттачу хенахь, массарна а хаьа, тхох шуна гIодеш, шун маршонехьа тIемаш беш накъостий хиллийла. ХIинца тхоьца тхан маршо къуьйсуш нохчий а бу. Цара говза, эвсаре, майрра тIом а ма бо. Дала сий дойла церан, баркалла царна тхоьгара!
Иловайскехь тхуна гатто хIоьттича йийсаре бахначу , тIаьхьо мукъабаьхначу сайн накъосташца къамелаш хилла сан, дарбанцIеношка лазийна кхаьчначаьрца а, цара бахарехь, кадыровхой бу Донбассехь. Оьрсийчуьрчу тIемалой къиза а бу уьш лецначу нахаца. Оьрсаша оцу нахах тхан нах, шайга йийсаре кхаьчнарш, кадыровхошкара юьйлучу къизаллах къелхьара бохуш меттигаш а яьхкина дуккха а.
Шаьш нохчаша ца олу царех «нохчий», деккъа дIа «кадыровхой» олу. ХIунда аьлча, бакъ нохчо, оьрсаша исторехь дехха шен къам хьийзийний а, хьийзош дуй а хууш веха, цо бахь а, маршонехьа бо тIом, иза гIур вац нехан маршо хьаша».
Украинерчу хьостанаша кадыровхой цIабоьлхуш бу кху муьрехь бахар бакъдолчуьнца догIуш хила а тарло. Амма ша-ша Украина къаръян, иза дакъошка яьккха стагга а ца хьажийна бохучу Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира боххург бохуш Iачу Кадыров Рамзана цкъачунна ца хазийна шега хийра боцу бIаьхой цIабирзина аьлла.
Ткъа бакъхила а тарло иза, Украинан иччархоша даладе кхозлIагIа бахьана, шен Нохчийчуьрчу Iедалан кхерамзалла шийло юйла, бакъдича.
Кху деношкахь массо а социалан машанашкахула а, телефонан хаамашкахула а ду лелаш сурт Кадыров Рамзанан децIера Хоси-Юьртара. ЦIа хIотто биллинчу оцу юьртарчу буха тIетоьхна ИГИЛан, Шемахь, Иракъехь тIемашбечу джихIадистийн байракх а, Хоси-Юьртахой ИГИЛехьа ю аьлла уллехь йоза а карийна. Оцу хиламо Iадийна Iедал – хьоза тIехула хьевзича а шекьхуьлучу Хоси-Юьртахь а иштаниг иккхинехь, хIун ца хуьлийла ду берриг а махкахь.
Ткъа Кадыров Рамзанан кепехь къепе ларъян махкана оьшу, хууш ма-хиллара, эзарнаш герзахой.