ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Страдивари веха Керлачу Энганахь


Нохчийчоь --Базаев Хьасан, дечиг-пондарийн пхьар, Ойсхара, Гуьмсан кIошт, 16Чил2015
Нохчийчоь --Базаев Хьасан, дечиг-пондарийн пхьар, Ойсхара, Гуьмсан кIошт, 16Чил2015

ТIемаша лечу кхачийна нохчийн нехан шира корматаллаш: истангаш, кузаш, чоанаш, маьIсеш яр, дуккха а кхийолу дайша, наноша кхаьбна говзаллаш. Дечиг-пондарш деш гоьваьлла ву махкахь Базаев Хьасан.

Вайн дай-наношка ладоьгIча, нохчийн бакъволчу къонахчун долахь ца хилча ца болуш хилла йоргIа дин, ира шаьлта, ткъа хийлачунна - мукъаме дечиг-пондар а.

ДоттагIчунна гIо эшначохь, сихха тIекхача, маса дин, мостагI эшо шаьлта, … ткъа пондар?

Сингаттамо гIелвинарг, са хьостий, айвеш хилла пондаро, дегIан а, синан а лазарш дайдеш хилла, къенаниг къоналле вуьгуш, дархочунна дарба деш, цхьаъ бен воцу кIант тIамехь кхелхинчу ненан доьлху дог тедеш хилла.

Оццул ницкъ болу дечиг-пондар бовза а, цуьнан дуьненчу балар хаархьама а Маршо Радио хилира нохчашлахь «Страдивари» аьлла цIе а яхана, Керлачу Энгенарчу пхьеран Базаев Хьасанан хIусамехь.

Хьасана комаьршша гайтира шен белхан меттиг. Йоккха чоь, гобаьккхина лаьтта бес-бесара аьчка гIирс. БIаьрг тIехIуттуш дара пенах кхозу куьйга яздина дечиг-пондарх лаьцна аларш, Чингисханан дешнаш а тIехь.

Цхьа пен дIалаьцнера моггIара кхозучу пондарша.

Дозаллица а, кIорггерчу хааршца а дуьйцура Хьасана, ша пхьар а, кхин тIе историк а хиларе терра, дечиг-пондаро нохчийн дахаре бинчу некъах лаьцна.

Базаев: «Шумерехь, Митанехь, Урартухь бу ма бохий вайн баххаш-ларш. Цигахь вайх дисина йозанаш а ду боху, арфа а бу цигара схьабаьлла. Дечиг-пондар цуьнан тIаьхье йолчух тера хета суна. Ас дукха теллина, гарехь ишта дан а ду».

Вайнехан дийцаршкара ду хIара а. Ламчохь буьрса догIа доладелча, шен жа хьеха лаьллина боху жаIуьно. Амма кхин цу чуьра аравала доьгIна ца хилла цунна, ша Дела орцах ца валахь. И чувахана хьех дIаюькъна текхначу ломо… Дийцарехь, хьехахь висинчу жаIуьно оццул болчу бохамна кIел ца соцаш, схьаэцна, шен дечиг-пондарца илли аьлла, боху.

Цуьнан илли дIахезначу юьртара гIо а деана, шен жаца кIелхарваьккхина хилла жаIу.

Тхан къамел дIахьош, Хьасана шегара а далийра масех ширчу заманара масалш.

Базаев: «Массо кепара вайн дийцаршкахь Альбикас кIентий майра бохуш, ойла ира-кара хIиттош, пондар лоькхуш. Ламанца зудабераша юьстаха пондар локхуш хилла, кIентий мостагIах леташ хилла. Вайн къам сама даккха гIерташ ас инзаре дукха болх бина. Масала, республикехь дIахьочу «Синмехаллаш» проектехь а болх бина ас. Вайн къоман хIума хьалха даккха лууш дуккха а мехала хIуманаш а дийцина ас. Амма ас дина къамелаш телевизионехула хазийтина дац. Къомана сайгара пайдениг дер дац те бохуш, ялх шарахь болх беш леллера со. Со дукха пачхьалкхашкахь а хилла, бусулба къам дехачу мехкашкахь а лелла, вайца дозуш дерг лоьхуш, къомана сайгара пайдениг лоьхуш лелла со».

Хьасана дийцарехь, дечиг-пондарна чу са кхолла атта дац.

Йоккха корматалла а, собар а иэшарал совнаха, дагчу йижина ойла а, лаамаш а оьшу.

Сулейманов Ахьмада, цкъа накъостийн гонехь ша Iаш, аьлла шуьнан дош Базаев Хьасанна вуно чIогIа догIу, хетарехь. Иштта аьлла тоьллачу нохчийн байтанчас :

«Ас хIара шуьнан дош олу, мацах цкъа дечиган нахарца дуьххьара хIокху мехкан хьена латта а аьхна, дезчу ялтин хIу дийначу ахархочун сийнна, ас хIара шуьнан дош олу, хьуьнхахь ирахь якьаелла дечиг а хадийна, иза нисйина, шарйина, тайина, цу тIе кхо мерз а оьзна, дечиг-пондар а бина, цу тIехь дуьххьара къонахаллех, тешамах, собарх илли аьллачу илланчин сийнна!»

XS
SM
MD
LG