ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман тезетах Оьрсийчоьно ловзар дар ца лало нохчашка


Нохчийчоь -- Къам махкахдаккхарна леринчу суртийн гайтамехь, Соьлж-ГIала, 10Сти2013
Нохчийчоь -- Къам махкахдаккхарна леринчу суртийн гайтамехь, Соьлж-ГIала, 10Сти2013

Чиллан-беттан 23-гIа де - вайнах Сталина махках бохор - нохчашка дицдайта ницкъ кхочур бац я Кремлан а, я Кадыров Рамзанан а. Амма муьтIахьаллин кеп ца лелийлийча-м ца бовлу тахана Нохчийчоьнан бахархой...

Соьца дагалецамашкахь хиллачу Нохчийчуьрчу бахархошна ца гина Чиллан-беттан 23-чу дийнан Iуьйранна халкъ махках докхуш. Царна ца хезна зударийн, берийн маьхьарий, божарийн узамаш. Ца хезна, наноша бераш Iехош, яйчохь пхьор ду кхехкаш, бохуш, тIулгаш кхехкор.

Амма Чиллан- беттан и де герга мел гIерта, хIораннан а марсабуьйлу дагалецамаш, дайн-нанойн дийцарш, леткъамаш.

Соьлж-ГIалара яхархочо Алихаджиева Тамарас Маршо Радиога балхийра кху массийтта шарахь хаддаза шен лерера ца буьйлу ненан тийжамаш, къурдаш.

Алихаджиева: «ХIоразза 23-гIа февраль герга мел гIерта, сайн ненан дийцар, цуьнан бIаьрхиш дагадогIу суна: « Гора Сталин яI, ма къиза арадехира ахь тхо, даьттанан банка схьаэца а ца ларош», олура цо. И хиллера цу диIнахь цуьнан нанас гIазкхашна ца йита кхуьнга лаьттах тоьхна йохаяйтина банка.

Цул тIаьхьа, ша мац мел ели и банка дуьхьалтуьйсура шена, олура тхан нанас. Иштта лазамащ кхечу нахехь а хир бы аьлла хета суна».

Тергамчаша, Iилманчаша хаддаза дуьйцу депортацин шерашкахь къам хIаллакдина ца Iаш, къоман истори доьза йойъуш, дуккха документаш, жайнеш, архивашкара тептарш Соьлжа- гIалахь гул а дина, дагийна бохуш. Дуккха а хIолламаш, чарташ, бIаьвнаш лар йоцуш йохийна Сталинан эскарша.

Кхойтта шарна яхъеллачу депортацехь нохчашна ганза хIума дисина а дац.

Къам махках даьккхина де герга мел кхочу догьIовжаме хуьлу вайнах, и де цкъа а иэсера дер доцу дела.

Веданара Мусаева Iайшат ю кху деношкахь дагалецамашкахь. Бераллехь дайн-нанойн цаевзачу ГIум-Азин аренашкара дийцаршка ладоьгIуш башха чевне а ца лорура, амма тахана къоман тезетах ловзар дар а ца лало шега, боху цо.

Мусаева: «Тхан дас –нанс а дуккха а дийцина тхуна, шайн доьзална Сибрехахь лайначу балех лаьцна. Эскархочун де олий билгалдоккхура тхо кегий долуш и де, амма тхан доьщалехь къам махках даьккхина де дара и.

ХIетахь кхетам бацара кIорггера цу хиламан, амма тахана хаьа, Оьрсийчоьно ша къам хIаллакдина, ницкъ бина, бехк боцуш, царна тIехь шаьш толам баьккхина бохуш даздеш ду и де."

Тахана нохчашлахь дуккха а бу вайнах махках баьхначу дийнахь Оьрсийчоьно Турсло вазвеш г1иттонболчу синкъераме барамашкахь дакъалаца лерина.

Амма Маршо Радиоца къамел мел хиллачаьрга ладоьгIча гуш дерг цхьаъ бен а дац: нах реза бац Iедал шайга бохаман де дийцдайта гIертарна.

XS
SM
MD
LG