ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецначу теркахойх хIинца а буьсу дIахецаза нах


Нохчийчоь -- Полицин белхахой, 22Оха2013
Нохчийчоь -- Полицин белхахой, 22Оха2013

Путин Владимира нийсо лелон багахь гарантеш а луш, хьалха а санна, дагадо нехан цIенош, воь шена луъург Нохчийчуьрчу Iедало. Теркйистера кхоъ, шаьш а лелхаш, БухIан юьртара хин биргIа эккхийта воьллачул тIаьхьа полицино вийна, волучаьрга дIавелла ши стаг. Лецначех цIабахказа буьсу дуккха а нах.

Чекхбаьллачу беттан 24-чу дийнахь Соьлжа гIалахь эккхийтар дан гIоьртина кхо стаг шаьш куьйга йинчу хIуманна тIехь иккхичхьана Теркйист кIоштехь мел бахархой лецна а, царна мел тIеIаткъам бина а хууш дац. Тутмакхаш а бина кIирнах а, шина-кхаа кIирнах а чохь кхаьбначарех дукхах берш мукъабаьхна.

Цаьрга цигахь дика ца хьегийтаний хууш делахь а гергарчара аьттехьа а ца дуьту шайн берашна ницкъ бина бохург. «ПIелг Iоьттина бац, шен хен-хена юург-мерг а луш, лебеш, чохь бахкийти »,- ишта ду луш долу жоьпаш. Хьал цадевзарг цецвоккхург ду лецначу кегийрхоша дина зулам Iорадоккхуш цахилар а, уьш болу меттиг къайле йина латтош хилар а.

Ткъа дукхахболчу наха кхеторехь, кегийрхой бехк бу талор дан а гIоьртина белла бохучеран телпош тIехь церан ноьмарш хилар а, цара вовшашца чукаренаш лелийна хилар а. Цара мел зулам дан лийринехь а, ца лийринехь а гергарчарна а, могIарерчу нахана а Iеткъарг ду, къастам боллуш царна бехке дуьллург гIара а даьккхина, ган а, тIекхача а йиш йолуш уьш болу меттиг схьа цайийцар а.

Лакхахь хьахийна ма-хиллара, Теркйист кIоштан хIора а юьртара бохург санна, лецна чубоьхкина латтош бу кегийрхой, (царех цхьаберш совцийна-м бутт кхочуш лаьттта). ХIора юьртара цхьацца-шишша хьала а, охьа а ву сацийна, пхиппа-ялх волуш меттигаш а ю.

Цхьаболчара дийцарехь царалахь кIезиг бац вахабхойн боламна тIера хиларна «кхетош-кхио, ийман лакхадаккха» дIабигнарш а. Церан цхьа бехк боцуш дац уьш лейцар бохург а тардолуьйту наха, амма цатовриг ду гергарниш лорх ца кхуьуьйтуш уьш хьуламехь латтор. ЦIераниш вуно чIогIа сингаттамехь а латтош, ницкъаллин структураша къайлабаьхна кхобучех дуьйцуш ву шен цIе Абубакар аьлла яьккхина Теркйист кIоштера пенсионер.

Абубакар: «Тхан юьртара 5-6 ву лаьцна дIавигна. Лула юьртара кхоъ ву, кхечанхьара а бу, лаьцна дIавигаза цхьа юрт юй те аьлла хьал-м ду. Царна юкъахь,юьртахоша даре а деш, бехк-гуьнахь а доцуш дIабигнарш а бу. Дукха нах цакхеташ бу.

Деллахь кху стагера хIара даьлла, хIара кхузахь а ву, кхуьнан дов суьде а кхачор ду аьлла хаийта дезара цIерачаьрга. Болу меттиг стенна ца хоуьйту? ТIеIаткъам а ца беш, низамо ма-хьоьхху, адвокат а лацийта веза. Церан болу бехк кхайкхо безаш а бара. Уьш мичахь бу хоуьйтуш ца хилча царна тIехь шайна луъург лелош хир бу-кх уьш аьлла хета суна а, нахана а. Гергара нах саготта бу бохург дан а дац,вуно чIогIа холчахь бу. Низам лардеш делхьара кху Iедалан лерам а хир бара, сий доккха а хир дара.

Адам шек ду-кх низамхоша шайна луъургга-м ца леладо те аьлла. ГIалахь и эккхийтар нисделчахьана Iадийча санна латтош ю-кха тхан кIошт. ХIара маццалй дахлур ду-м ца хаьа.»

Лецна кегийрхой бахьнехь юх-юха а хеттаре буьйлу бахархой: Зуламхоша ахча даккха лечкъийна бигна санна уьш къайлабаьхна стенна латтабо? Шу кIант хIоккхузехь а ву,цунна бехке дуьллуш хIара-иза а ду аьлла, гергарниш дуьхе стенна ца кхиабо? Маццалц лелор ду те ницкъаллин структураша низамаш талхор? Цу а, кхечу а жоьпаза дуьтучу хеттаршца доза а доцуш гIайгIанехь кхобу Нохчийчуьра бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG