ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукха нохчийн мехкарий дIаоьху Шема


Шема --ТIаме бахана зударий
Шема --ТIаме бахана зударий

Европерчу пачхьалкхашкара эзарнаш кегирхой Шема а, Иракъе а тIемашка дIаоьхуш хилар къайле яц. КIеззиг бац царна юккъехь вайнехан кегирхой а. Амма тIаьххьарчу хенахь джихIадхойн могIарехь цига оьхучу зударийн терахь алсамдаьлла. ХIун ду-те къона зударий генарчу мехкашка д1абахаран бахьанаш?

Европерчу пачхьалкхашна юккъехь уггаре а дукхах кегирхой Шемарчу а, Иракъерчу джихадхойн тобанехь дIабеттабала оьхучу меттигех ю Британий, Франций. Ткъа вайнехан кегирхой уггаре а алсам цу тIемашка дIаоьхучу пачхьалкхех ю Германи, Австри.

Австрерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дахкочу терахьашца, цу Альпашкарчу махкара 200 стаг вахана тайп-тайпанчу джихадхойн тобанах дIакхета Шема я Иракъе.

Цу шина бIенах 60 стаг нохчийн къомах ву бохуш чIагIдо меттигерачу Iедалхоша. Иштта, Iедалхойн терахьашца, хIинцале а Австре юхабирзина оцу 200 стагах 70 стаг, ткъа тIемашкахь вийна 30 стаг.

Нохчи а бу эгначийн могIаршлахь, тайп-тайпанчу хааршца, ткъех вайнехан жимстаг вийна Шемахь, коьртачу декъахь Кобане олуш йолу язидхойн юрт яккха гIерташ ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобано яханчу гуьйранна а, Iай а бинчу тIемашкахь.

Нагахь санна тайп-тайпанчу къаьмнех болу бусулба кегийранах, шайн юккъехь кесталгIа им диллина европахой а болуш, Шема я Иракъе ихар цхьа а цец ца волу хIума хилла дIахIоьттинехь, вуно тамашийна феномен лору тергамхоша тIаьхь-тIаьхьа алсамох Европера зударий цу джихадхойн тобанех дIабетталуш хилар.

Вайнехан зударий а бу цу глобалан джихадхойн романтикех Iехабеллачарна юккъехь. Иштта, карарчу хенахь, Австрерчу Iедалхоша чIагIдарехь, пхийттех зуда ю цу цхьана пачхьалкхера дIаяхана Шемахь я Иракъехь.

ДIаяха гIоьртинчехь Iедалхоша лаца а лаьцна, меттигерчу Йозефштадт цIе йолчу набахтехь йаллош ю кхин кхоъ нохчийн зуда. Царех цхьаъ карахь жима бер а долуш нана ю, ткъа ваша шиъ ткъо шо кхачанза, къона ши зудбер ду, марехь а хиланза.

И керла мода – зударий джихадхойн боламех дIабеттабалар я дIакхета лаам кхобуш хилар – шуьйра йийцаре еш ю юкъараллехь. Тайп-тайпана лору тергамхоша церан бахьанаш а.

Иштта, масала, цхьаболчара цу зударех доккхахдолу дакъа пропагандин закъалташ лору, вукхара маре лоьхуш уьш цига боьлхуш лору. Кхин цхьана декъанна хета, шаьш бехачу Малхбузерчу юкъараллашкахь шайна меттиг ца карош, цхьацца дискриминаци я гамо лан дезнарш а бу царна юккъехь аьлла.

Венехь дуккхаъчу шерашкахь нохчийн зударшца белхаш беш йолчу „Фрауенрат“, я, нохчийн маттахь аьлча, Зударийн Кхеташо цIе йолчу цхьаьнакхетараллин куьйгалхочун Маликин хетарехь, къаьсттина нохчийн къомах болу зударийн джихадхойн дийцарех теша а тешна, царех дIакхета гIортаран бахьанех коьртаниг ду, уьш мареш лоьхуш хилар.

Малика: „Доккхачу декъехь маре ца карош бисина болу зударий бу цига оьхуш берш, оха бечу тергамашца, къона зудбераш а ду оцу Iалашонца цига оьхуш. Интернетехула жима стаг вевзий, юха цо пропаганда йо, жоьжахате а, ялсамане а юьйцуш, бусулба дин а дуьйцуш. Бакхийраха болу зударий схьаэцча, бераш а долуш марера цIабаьхкина я бисина болу зударий хуьлу, дукхахьолехь царна юккъехь, вайнаха марехь хилларг атта ца юьгу, ткъа цигахь и къестамаш ца бо дела“.

Ткъа кхеташ дуй-те цу зударшна шаьш цига дIакхаьчча, шайна дуьхьал хIуттун долу сурт муха ду? Евзий -те царна шаьш тамашаш беш йолчу ДаIиш тобанан къизалла а церан зуламаш а? Ца девза я довза а ца лиъна царна и санна долу бакъдерг аьлла хета Маликина.

Малика: „Дера ца девза царна уьш, я цара церан ойла а ма ца йо. Маренан сонталлий, шайн еш йолу пропагандай бен церан коьртахь хIума ца хуьлу. Иштта нисло и радикалхойн пропаганда еш болчу наха къоначу зудбере, нагахь санна цаьргара цхьа гIалат даьллехь я церан цхьа ког тассабеллехь, царна жоьжахатен кхерамаш а туьйсуш, цига а бахана, джихIадхойх дIакхетчий бен ша хьарчийнчу къинойх иза цIанлур яц боху хIума коьрта чу дуттуш а“.

ТIаьххьарлера шен цхьаьнакхетаралло тидаме лаьцна хилла долу нохчийн зуда Шема яха новкъаяла гIортаран масала далийра Маликас шен къамелехь.

Цуо дийцарехь, I7 шо долу цхьа нохчийн зудабер цхьаьна кхечу йоIа шена вевзачу кIентан телефон а елла, церан захало тассаделла хиллера. Масех кIирнахь цу кIанта Шемара Халипат юьйцуш, цигара исбаьхьа сарташ туьйсуш, ялсамане а, жоьжахате а юьйцуш, хье дIабаьхьана хиллера цуьнан.

Цул тIаьхьа цхьана дийнахь ша Халипате дIавоьдуш ву, хьо шеца йогIий аьлла хаьттича, и йоI новкъаяьлла хиллера, цIерачех лачкъа а лечкъина. Амма, Делан къинхетамца, нанна шен хенахь гучу а даьлла, Iедалхойн гIоьнца юхадерзон аьтто баьллера хиланза дисина жима нускал.

XS
SM
MD
LG