ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров кийча ву шен боцчу низамхойх лата а


Меттигерчу низамхошна, цаьрца дийцаре дина а доцуш, арахьара Нохчийчу лерина операци дIаяхьа баьхкина ницкъаш хIаллакбан бакъо елла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къамел цо дира шинарийдийнахь Соьлж-ГIалахь республикерчу низамхошца дIаяьхьначу кхеташонехь. Телевизионехь гайтинчу оцу къамелехь Кадыровс низамхошка бохура: «Ас официалехь дIабоху, хуьлда уьш Москохара я Ставрополера,шайга ца хоттуш махка баьхкинчарна тIетоха герз.

Уьш декхаре бу вайна шаьш деанарг довзийта». Нохчийчохь къепе латтор президента Путина шех тешийна волчу Кадыровс бохург дац мехкан ницкъахоша дийр дац ала. Кадыровн къамел дуьжу цунний, Оьрсийчоьнан цхьайолчу низам лардечу урхаллашний юкъадоьллачу девна юкъа. Кадыров оьгIазвахийтинарг ду луларчу Ставропол-махкара Соьлж-ГIала баьхкинчу полисхоша герз а тоьхна, нохчо Дадаев Жамбулат вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG