ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Столтенберга Лавровга дина дIахьедар


Атлантикан альянсан (НАТО-н) инарла секретара Столтенберг Йенса хаийтина ша Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Москох сацаеза Украинан малхбалерчу сепаратисташна гIодечуьра аьлла дIахьединийла. Шинарийдийнахь Брюсселехь Европан дипломатийн комитетан кхеташо йирзича дина цо Лавровца шен къамел. Журналисташка Столтенберга бохура, ша Лавровна хаийтина ша Оьрсийчоьно дукха тIех тIеман Iамораш хIитторна саготта вуйла.

«Дозанашкахь мел дукха-кIезиг эскаршлаттадо агIонашна хууш хила деза, НАТО-но дерриг а дийр ду дозанашкахь инциденташ ца хилийта» - элира альянсан инарла секретара. ТIахьарчу 20 шерачохь ца хиллачух шелъелла ю НАТО-нний, Кремланний юкъаметтигаш – бахьана ду шо хьалха Оьрсийчоьно аннексица ГIирма Украинан долара шена чуерзор. Малхбалено бехкейо Кремл цо Донбассерчу сепаратисташна герзаш латторна а, цига шен эскарш хьийсорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG