ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аланза долчу дешан элий а хилла беха Нохчийчуьрчу Iедалан балхахь берш


Коррупцина карикатура
Коррупцина карикатура

Нохчийчохь Iедалан балхахь болчийн ахчанаш сецадо бохучух хIинццалц хецна дуьйцуш хиллехь а, тахана шайн аз а хозуьйтуш дийца баьхьарш Нохчийчохь боцу хьесап ду. Кхолладеллачу хьолаца уьш хIуьттуш бац шайн дог-ойла хааме яккха.

Интернет зIенехь «Семья» цIе йолу фильм араяьккхичхьана, могIарерчу бахархошлахь хьовха, Москохарчу цхьаболчу хаамийн гIирсаша а, «Коммерсант» газето масала, ишта «Кавказан узел» агенталло а зорбанехь а дийца даьккхина Нохчийчохь массо тIегIан Iедалан белхахойн алапаш тIера ахчанаш сецадо бохург.

Цу декъехь уггар а эшам хуьлурш санна хьехочех бу лоьраш а, полисхой а, хьехархой а. Оцу хьокъехь шайна хуург а, хетарг а ала ца луурш чот йоцуш дукха бу.

Тийна –таьIIа хене бовла гIертачу могIарерчу бахархошна лаац вонна а, диканна а лаккхарчу даржашка болчу маьхькIамхойн «бага» баха. Сецадо бохуш зорбанехь дийца даьккхинчух Iоттабаккхаме хIумма а ала ца луъчех а,

ахчанаш сецадо бохург шеконца тIеоьцучех а ю Соьлжа гIалара лоьрайиша Маликат а.

Маликат: «Нохчийн олуш ду-кха: «Аланза долчу дешан эла хьо ву, аьллачул тIаьхьа лай ву». Цунна а дайна, хIара я и хета бохуш ахь хабар кIезиг мел дийци а, хьо сийлахь ву-кх. ТIаккха ца лозу корта бехка а дезар дац. Суна ган а ца гина я хаа а ца хаьа ахчанаш сецадо я ца сецадо. Со лоьрайиша болх беш ю, сан-м ца сецадо. Бакъ делахь а, дацахь а наха шайггара а ма дуьйцу тардой эладитнаш…»

Ахчанаш сецадой ца сецадой бохучукх дийца цалуурш санна дукха бацахь а кIезиг бац нохчашлахь, даггара теша а тешаш, цу ахчанийн хьокъехь урхаллехь болчарна бакъ сурт девзаш дац аьлла шеконехь берш. Царех ву соьца оцу хьокъехь дагаваьлла соьлжагIалахо, 49 шо долу Тапалу а.

Тапалу: «ХьастагIа телевизор чохь гайта а гойтуш, Кадыров цецваьлла, дешаран министарна дов деш вар-кх, ишколаш тоеш берашкара ахчанаш лехьадо бохуш. Цунна хууш хиллачух тера дацар-кх ишколашкахь и хьал дуй. Ахчанаш дохуш а ду, дохуш долу дукха хан а ю.

Хьехархошна ас цхьана агIор бехк а ца буьллу. Iедало и ахча луш хилча цара дешархошка ахчанаш гулдойтур ма дац. ХIора баттахь бохург санна цирке а хьежабо хьехархой. Ишта футболе а, буй-тIара ечу «Колизей» а. 500 сом доккху билеташ оьцуьйта хьехархошка.

Кху кIоштехь болчу хьаькамаша шайггара лелош дуй моьтту суна-м и цхьадолу хIумнаш.

Хууш ма-хиллара кху беттан 3-чу дийнахь Соьлжа-гIалахь иттаннаш эзарнаш адам дIа а оьзна, дIаехьначу гулам-митингехь а, цхьа бух а бохь а боцу, бакъдоцург санна, дийцаре дина хила дезаш кхузахь белхойн ахчанаш сецадо бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG