ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун къевсина Несар-Коьртан маьждигехь?


ГIалгIайчоь -- Несар-Коьртан маьждиган имам Чумаков Хьамзат,2015
ГIалгIайчоь -- Несар-Коьртан маьждиган имам Чумаков Хьамзат,2015

ГIалгIайн махкарчу Несар-Коьртан маьждигехь рузбане гулбеллачу нахана юккъахь девнаш дийлина. Вовшех летта маьждиган имаман Чумаков Хьамзатан а, мехкан муфтин а агIончаш а. ГIалгIайчохь иккхинчу девнан бух талла хьаьжира Султанов Ахьмад.

Тахана делкъа хенахь Несар-Коьртарчу маьждигехь иштта хьал дара. Гобаьккхина эскархой а, полисхой а болуш, гобинера. Оцу сахьта Интернетехула д1асаяьржинчу видео т1ехь гуш ду, маьждига чуьра когаш а, куьйгаш а лаьцна аратекхош цхьа стаг. Иза, дийцарех муфтийн аг1онча ву.

Цхьа к1ира хьалха Г1алг1айн махкхахь имаман Чумаков Хьамзатан аг1ончийн а, муфтиятан а доладеллачу девна п1ераскан дийнахь шен т1аьхьало хилла.

Тахана делкъа хенахь, даиманна санна дукха нах гулбеллачу цу маьждиге вахана хилла шеца шортта накъостий а болуш муфтий Хамхоев 1ийса. Цигахь дов даьлла цуьнан Чумаков Хьамзатаца. Маршо Радиога дийцира Несар-Коьртарчу вахархочо Яндиев Мохьмада.

Яндиев: «Шеца г1аролхой а болуш, шен тайпана нах а болуш муфтийс Хьамзате аьлла, ламаз ша дойтура ду аьлла. Хьамзата кху чохь дойтура дац ахь аьлла. Т1аккха муфтис цунна тоьхна. Цул т1аьхьа, цига мел волу жима стаг т1екхетта, цуьнан г1аролхошна а, цунна шена а йиттина аракхиссина. И сканадал хилла цигахь. Цул т1аьхьа т1едеъна 1едал: ОМОН а, БТРаш а».

Ша имам волчу Несар-Коьртарчу коьрта маьждигехь рузба динчул т1аьхьа, делкъа ламаз дийра дац аьлла сацам бинера Чумаков Хьамзата. Иза ца тайна республикерачу муфтиятан. Оцу т1ехула ду и къийсаме хаттар.

Шайна луучуьнга и делкъа ламаз дайта а мегар дара, аьлла хета Несар-Коьртарчу вахархочунна Яндиев Мохьмадна.

Яндиев: «Чумаковс п1ераскан дийнахь Рузбан ламаз дича, делкъа ламаз дан ца оьшу аьлла реза бац муфтиятан аг1ончаш. Х1ара ду аьлла, кхин бахьана долуш х1ума дац х1ара. Делан а, Пайхамаран а г1уллакх деш к1езга бу Нохчийчохь а, Г1алг1айн махкахь а 1елам нах».

Чумаков Хьамзат тахана Г1алг1айн махкахь хьовха, гонарчу мехкашкахь а дика вевзаш имам ву. Цуьнан хьехамашка сатийсамца хьоьжу дукха нах. 1едалшна ца товш долу х1уманаш дуьйцу цо даиманна, куьйгана ц1ена боцу даржхой а, махкахь йолу коррупци а юьйцуш.

Иза мог1арерачу имамех политикан лидер санна д1ах1оьттина х1инца. Дуккха а нохчий а хуьлу цуьнан хьехамашка ладог1а, Несар-Коьртарчу маьждиге оьхуш.

Делкъал т1аьхьа 4 сахьт долучу хенахь а, маьждигна бина болу го д1а ца баьккхинера низамхоша. Нах мел а лахбеллера, амма дукха а бисинера оцу чохь волчу Чумаков Хьамзатан дуьхьала цхьа к1ело ян мега аьлла, кхоьруш.

Маьждигехь хиллачу дар-дацарехь, герзаш а диттина, амма лазийна, вийна стаг вац аьлла хаам бина Г1алг1айн мехка чоьххьарчу г1уллакхийн министраллийн зорбанан сервисо.

Хиллачунна хьокъехь шена хетарг ца довзийтина мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Амма цуьнга д1ахьедар д1асадаржийра цуьнан зорбан-сервисо. Маьждиг Делан ц1а ду, динан муьлха а аг1о лелочаьрна цу чохь шайна хеттачу аг1ор ламазаш дан йиш ю, муфтиятана новкъарло яхь, шай низамца дог1уш ма хиллара могуьйтур долуш дац иза, аьллера цо. Гуш ду, тахана Несар-г1алахь хиллачун чакхе х1ара йоцийла.

XS
SM
MD
LG