Оьрсийчоь реза яц Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Украинерчу кризисца доьзна хийцаеллачу тIеман стратегина, цо иза юкъаметтигаш талхош, Вашингтон, Москох вовшашца эгIаеш лору. Оцу хьокъехь дIахьедардина еарийдийнахь президентан Путин Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс. Вашингтоно де хьалха йовзийтира шен тIеман стратеги. «Оьрсийчоьно дуккхаза а гайтина шена луларчу мехкийн суверенитет лараме йоцийла, шен Iалашонаш ша ницкъаша кхочушйойла, цо шена гонахара хьал эскарийн гIоьнца шегахьа луьстийла», - боху документо.
Пентагоно чIагIдо, Украинехь ду Оьрсийчоьнан эскарш, иза мел бехказайийлахь а, цо герзашца тIекарло латтайо шегахьа болчу сепаратисташна. ХIинца санна шелъелла хилла яц Оьрсийчоь, Iаьмеркан Штаташ вовшашка «шийла тIом» олу мур бирзичхьана. ГIирмина аннекси яр а, Донбассера кризис къаргъяр а бехкедуьллу Кремлна Малхбузено, и бахьанехь гIовттина экономикан санкцеш а.