ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парнас харжамашка ца юьту


Оьрсийчоьнан Iедало дихкина оппозицин жигархой Навальный Алексей а, Касьянов Михаил а Парнас партин декъанна Новосибирскерчу меттигерчу харжамашка кхача. Бахьана хIоттийна, Парнасо нахера гулдинчу куьйгашца харцонца вовшахтоьхнарш а ду, аьлла.

Iедал кхоьру шаьш харжамашка дита, политика ю бухайиллинарг, аьлла хета оппозиционерашна. Новосибирскерчу парламентан харжамашка, 11 эзар куьг а гулдина, оьшшучу хьелех чекх а яьлла, хIета а, вета а гIур ю Парнас, боху партин лидерша.

«Оппозици юкъахь а йоцуш хIиттораш харжамаш а бац» - яздо шен Твиттерехь Навальный Алексейс. Оцу юкъанна Блумберг агенталло хаамбо, Кремло дихкина пачхьалкхан компанийн векалшна Навальныйн цIе официалехь хьахо, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG