ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ариф, Лейлаъ ЮнусгIарна тIехь кхел йолийна


Азербайджанан Iедало ша набахтехь латточу «Машаран а, демократин а институтан» директорна Юнус Лейлаъна а, цуьнан х1усамдена Юнус Арифна а тIехь кхел йолийна оршотдийнахь. Иза йоьдуш чубитинчу журналисташлахь бац Азербайджанан куьйгалхочунна Алиев Илх1амна мут1ахь болу журналисташ бен. Европерчу адамийн бакъоларъярхойн организацийн векалш ца битина кхелан цIачу. Т1аьххьарчу хенахь Юнус Лейлаан адвоката хаам баржийнера, цуьнан могашалла 1едало бина те1аткъам бахьанехь галъяьлла, аьлла.

Азербайджанехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх лаьцна дуьйцуш лелла Юнус Лейлаъ бехкейо Iедало Азербайджанна ямарт хиларна, алссам ахчанаш доладахарна, низамехь йоцу бизнес лелорна, 1едална бизнесчах ял д1а ца яларна. Оцу могIарера бехктакхаман г1уллакх гIаттийна цуьнан хIусамдена Юнус Арифна дуьхьал а. ЮнусгIарна шаьшшиъ лацар политикан бух болуш ду аьлла хета. Юнус Лейлаъ а, Ариф а политикан тутмакхаш лору дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG