ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан вето: шеконаш совъевлла


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино кху деношкахь тIеэца кечйинера Украинехь маьрша некъахой чохь хилла Боинг кема чудаийтарна бехкеверг дуьненаюкъарчу трибунале озорах йолу резолюци. Амма Оьрсийчоьно дуьхьало яр бахьана долуш и резолюци тIеэцаза йисина.

Кхаарийдийнахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин Кхерамазаллин Кхеташонехь дийцаре деш дара Оьрсийчоьнна а, цо белшашгIорточу Украинин малхбалерчу сепаратисташна а вуно лазаме долу хаттар.

Даханчу шеран товбеца баттахь Украинин тIехулачу стиглахула дIадоьдуш ду машаре некъахой чохь болу Боинг МНI7 кема чудаийтар а, цу чохь мел хилла волу 298 стаг вер а дара гуламехь толлуш. Malaysia Airlines авиакампанин долахь хилла долу и кема Амстердамера Куала-Лумпуре доьдуш дара.

Цу чохь хилла некъахой дукхахберш Малайзин, Нидерландийн бахархой бара, амма иштта кхин итт сов пачхьалкхара нах а бара царна юккъехь.

Малхбузехь шуьйра даьржинчу хетарца, и кема Оьрсийчоьно Донецкерчу сепаратисташна еллачу Бук цIе йолчу ракетица чудаийтина лоруш ду. Оьрсийчоьно, шен рогIехь, иза дацаре до. Оьрсийн Iедалхоша чIагIдарехь, некъахойн кема стиглара тоьхначу герзаца дожийна ду. Шинна а агIоно шайна хетачунна тоьшаллаш а зорбане даьхна и бохам хиллачул тIаьхьа даьллачу шарчохь.

Боинг 777 кема чудаийтарна бехке болчарна тIехь трибуналан кхел яре кхайкха дуьненан юкъаралла масех бутт хьалха йолаелира. Уггаре а хьалха и кхайкхам цу бохамехь алсамох шайн бахархой кхелхинчу Нидерландийн, Малайзин, Австралин, ткъа иштта Украинин куьйгалло хазийра.

Цхьа могIа нуьцкъалчу пачхьалкхаша кхобалбина болу и кхайкхам амма ша тIеоьцур ца хилар оцу сохьта довзийтира Оьрсийчоьно. Бохаман шо кхаьчначу деношкахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, шен Нидерландийн куьйгалхочуьнца Рютте Маркаца хиллачу къамелехь аьттехь а ца дитира, трибунал кхолла еза бохург, и хIума контрпродуктиве, дукха хьалхехь юккъедаьккхина а ду аьлла.

Путинан цу хьежамца догIуш ма-хиллара дара кхаари дийнахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин Кхерамазаллин Кхеташонехь Оьрсийчоьнан векалш кхаж тассар а – цара шайн вето йилла бакъо хиларх пайда а эцна, кема чудаийтарна бехкечарна трибунал тIеэцар сацийра. Кхерамазаллин Кхеташонан I5 декъашхойх цхьайттамо резолюци къобалйеш кхаж тессира, кхин кхоъ нейтрале хилира.

300 герга бехкбоцу машаре стаг а вуьйш динчу зуламна таллам барна а, цу зуламна бехке болчарна трибуналан кхел ярна а Оьрсийчоьно гаррехь новкъарло ярх кхета хала дац аьлла хета Венерчу малхбалин Европин институтан Iилман белхалочунна, политологна Чапханов Русланна. Цхьана агIор Кремлан сонталла а, вукху агIор цу бохамна шаьш бехк хиларх Кремлан куьйгалхой кхеташ хилар а гойту цара и резолюци тIе ца эцийта новкъарло яро.

Чапханов: „Цигахь масех бахьана хета суна. Хьалхарниг – иза Оьрсийчоьно ша инициатива а йина, ша юккъедаьккхина доцу хIума цхьа а тIе ца дуьту политика юхьаралаьцна хилар ду. И цхьа Советийн заманара бухадисина Iадат ду карарчу хенахь цу махкахь Iедалехь болчаьргахь. ШозлагIа бахьана, суна хетарехь, Оьрсийчоьнан куьйгаллина цу кеманца хиллачу бохамна шаьш мухха а мелла а хилла а бехке дуйла кхеташ хилар ду аьлла хета суна“.

Цу юкъана дуьненан юкъаралло емал до Боинг кема чудаийтарна а, бIеннаш машаре некъахой байъарна а бехкечарна трибунал ярна Оьрсийчоьно новкъарло яр. „Оьрсийчоьно бендацарца тIеэцна и бохам шайх хьакхбеллачу пачхьалкхашкахь бехачу нехан сингаттам“, - элира цу хьокъехь Кхерамазаллин Кхеташонехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн векал йолчу Пауэр Самантас, Цхьаьнатоьхначу Штатийн цхьа а шеко яц цу маьттазчу зуламна бехкеберш гучу ца бовлуш а, жоьпе ца озош а буьсур бац бохучух аьлла тIе а тухуш.

Австралин арахьарчу гIуллакхийн министро Бишоп Джудис Оьрсийчоьнан вето – иза „дуьненаюкъарчу жоьпаллех Оьрсийчоь кхардар ду“ элира. Уггаре а дукхоха шен бахархой чудаийтинчу кеманчохь беллайолчу Малайзин транспортан министро Тионг Лай Лиоус шен къам вуно догмовла даьлла ду элира Оьрсийчоьно трибунал къобал ца ярх.

Ткъа Украинин президента Порошенко Петрос шен Фейсбук агIоннна тIехь билгалдаьккхира, шен урхалла и эшам къобал а бина, соцур яц, аьлла. „Цу бохамна бехке берш жоьпе озон беза. Иза беллачарна а, церан гергарчарна а хьалха вайн декхар ду“, - аьлла яздинера цуо.

Ша Оьрсийчоьно дацаре до, резолюци тIе ца эцарна бехк а, жоьпалла а шена тIехь хилар. Цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллин сайта тIехь зорбане баьккхинчу хаамца, трибуналах йолчу резолюцина Оьрсийчоьно куьг ца яздар деккъа и йоза политикан тIеIаткъамца кхоьллина хиларца доьзна ду.

Оьрсийчоьно резолюцин шен вариант тергаме йиллинера бохург карладоккхуш ду хаамехь, амма и вариант Кхерамазаллин Кхеташоно тIе ца ийцира, аьлла.

XS
SM
MD
LG