ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирш тIе ца оьцу бохург бакъ дац


Австри --МухIажиршна хуьлучу халонашна дуьхьал хIоьттина гулам, Вена, 4Мар2015
Австри --МухIажиршна хуьлучу халонашна дуьхьал хIоьттина гулам, Вена, 4Мар2015

Европерчу кхиинчу пачхьалкхашка цкъа а ца хиллачу кепара дукха мухIажирш оьху тIаьххьарчу беттанашкахь, тховкIело а, кхерамазалла а лоьхуш. Цу хьолах пайда а эцна, эладиттанаш даржадо Нохчийчохь цхьаццаболчу наха, Малхбузехь мухIажарш кхин тIелоцуш бац бохуш.

ХIора дийнахь аьлча санна новкъаюьйлу Соьлжа-гIалара некъахой лелабо кегий автобусаш, Полшица дозанехь Iуьллучу беларусхойн Брест гIала нах оьций. И нах Брестера йоьдучу цIерпоштина тIе а ховший, Полшин дозанна тIе бовлу, цигара кхин дIа кхечу, алсамох кхиина а, Iер-вахарна аьхноха а йолчу Евробертан пачхьалкхашка кхача Iалашо юхьар а лоций.

И цIерпошта IуьйраннаворхI сахьт даьлча Брестерчу вокзалехь соцу, цигара дIа а ткъех минотехь Полшин дозанна тIе кхочу иза, Тереспол гIала. Хийла нохчочуо бина некъ бу иза, хIокху тIаьхьарчу пхийтта шарахь. Хийла нохчочуо шен уггаре а сирла сатийсамаш цуьнца боьзна, хийллана цу сатийсамех довмовла валар я ялар а хилла, хIунда аьлча Полшин лаьттатIехь цу цIераоштане хьоьжуш болчу дозан хьукматхоша виза а йоцуш, шаьш долчу кхаьчнарш юхаберзорна.

Амма иштта дукхаъболчу вайн махкахошна цу Тересполах Европе кор а, неI а хилла, шаьш цкъа хьалха Полшехь тховкIело а ехна, цул тIаьхьа цигара дIа кхечу Малхбузенан пачхьалкхашка кхачарна.

Хьалха-м, иттех шо хьалха, вайнахана Европе баха йиш хилар девзинчу муьрехь, цхьа а новкъарло а йоцуш, цигара дIа кхечу мехкашка дIасаваха бакъо яр хIора а мухIажаран, шена аьхноха йолу пачхьалкхе карйаллалца.

Ткъа 2003-чу шарахь Дублин 2 цIе йолчу барт тIеэцар бахьана долуш ша дуьххьара коглевзинчу Европерчу махкахь саца декхарийлахь ву кхерамазалла а, тховкIело а лоьхуш верг. Ткъа, кхеташ ма-хиллара, дукхах болчу нохчашна и тайпа дуьххьарлера мохк Полша хуьлу. Цигахь саца деза церан, низамашца дийцича.

Амма я уьш цигара кхин дIа Европин кIоргене дIабахарна новкъарло полшхойн Iедало а ца йо, шаьш мухIажаршкара пIелган лараш эцначул тIаьхьа, я цигахь совца Iалашо кхобуш вайнах а ца хуьлу, Полша цхьа транзитан аьтто санна тIеоьцуш болу. Цундела уьш цигара дIа Германе а, Австре а, Франце а – доцца аьлча шайн гергарнаш я бовза-безарш болче, я шайна товш хетаче дIабоьлху.

Цхьа хIума тергоне а ца оьцуш – уьш мел гена бовлахь а, цара кхин муьлхачу а пачхьалкхахь тховкIело ехахь а, цул тIаьхьа мел дукха хан ялахь а, цхьана дийнахь уьш, хьалха я тIаьхьа, оццу Полше юхахьовсор бу.

Амма цу кепара деталашна дукхахболчу Соьлжа-гIалара Брестан агIор новкъабовлучара шайн корта ца лазбо. Цкъа дехьаваьлчахьана цхьаъ дийр дара цунна-м олий арабовлу уьш. Бакъду, тIаьхьарчу кIиранашкахь Нохчийчохь керла эладитта даржаро дуккхачу новкъабовла Iалашо кхобуш Iачеран ойла йохийна. Хетарехь, Нохчийчуьра адам оццул даккхийчу терахьашкахь дIаихар сацон луучара даржийна хила а мега и хабар- Европехь азюль, аьлча а тховкIело кхин луш яц, иза сацийна боху бохург.

ТховкIелонах дерг жимма а хууш волчунна беламе хетар долу и къамел амма хийла махкахочунна бакъхетачух тера ду, тIаьхьарчу хенахь цунах лаьцна Маршо радион корреспонденте Нохчийчуьра кхочучу хеттаршка хьаьжча. Цундела делира оха и хаттар Австрехь керла тIебаьхкина тховкIело лоьхурш тIеоьцу Трайскирхен лагер йолчу Лахарчу Австрин лаьттахь мухIажаршца болх беш йолчу вайн махкахочуьнга Эсмурзиева Мадине. Бакъ дуй, Мадина, Австрехь азюль дIаяккхина, иза кхин луш яц бохург аьлла шега деллачу хаттарна иштта дийцира цо.

Эсмурзиева: „ТIе ца оьцу мухIажарш бохург иза еккъа цу Трайскирхенерчу лагерца доьзна ду, хIунда аьлча иза дукха юьзна хиларна, цхьана ханна нах тIеэцар цигахь сацор долш ду.

Амма вуьшта Австрехь мухIажарш тIе ца оьцу бохург бакъ дац я хила йиш а яц, хIунда аьлча мухIажарш тIеэцар – иза Европерчу мухIажарех йолчу конвенцица кхочуш деш ду, ткъа Австри цу конвенцин декъашхо ю. Азюль дIакъовлуш юй, схьайоьллуш юй бохург – уьш хиллане а дош доцург ду, иза дIакъовлуш я схьайоьллуш яц, хила йиш йолуш хIума дац иза. ТIе мел богIу а мухIажарш тIеэца декхарийлахь ю Европа“.

Эсмурзаева Мадинас ма-дийцара, цхьа а кепара хийцамаш хилла бац Австре а, кхечу Евробертан мехкашка а шена кхерамазалла а, тховкIело а лоьхуш баьхкинчу нехан гIуллакхаш талларехь хилла.

Нагахь санна цу нахе шаьш цIера бовдаран бахьанаш а, шайна цIахь болу кхерам а кхоччуш Iедалхошка дIабийцалахь, шайх теша йиш йолчу агIор, царна тховкIело ца яла бакъо яц цхьанна а. Ларамаза ца луш сацам бинехь а, кхеле вала а, шен бакъо къовса а таро ю. Бакъду, нагахь санна и стаг Полшехула я кхечу муьлхачу а кхечу пачхьалкхехула сехьаваьлла велахь, иза цигга дIахьажор ву. Амма иза кхин башха доккха далатохар а дац – Полша а ю Европехь уггаре а кхиаран потенциал алсамох йолчу пачхьалкхех цхьаъ.

Цигахь орамаш а хецна, кехаташ цхьа а эцна, ваха хиъча, масех шарахь цу пачхьалкхан оллалла тIеэца йиш ю. Цул тIаьхьа Евробертан мичча а махкахь ваха а, болх бан а бакъо хуьлу. Бакъду, социалан гIо а, петарш а, берийн ахчанаш а кхиинчу Австрехь я Германехь санна шорто яц цигахь. Амма тховкIело лоьзхучех цхьаммо а ма ца бохий, шаьш дуьненан аьттонаш лоьхуш лела. Цара шаьш кхерамазалла лоьхуш лела олу. Ткъа кхерамазалла Полшехь а йолуш ю.

XS
SM
MD
LG