ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рицкъ дагоро цецбаьхна нах


Оьрсийчоь --Оренбургехь кхача багон кечлуш бу Россельхознадзоран белхахой, 7Мар2015
Оьрсийчоь --Оренбургехь кхача багон кечлуш бу Россельхознадзоран белхахой, 7Мар2015

Оьрсийчоьно дагон долийна Европера а, кхечу шена дуьхьал санкцеш яьхначу а мехкашкара совдегарша чудохьу рицкъ. Мацаллин дозанашкахь бехаш миллионаш кахь бахархой а болуш болийначу оцу барамаша оьгIазбахийтина дуккха оьрсий а, оьрсий боцурш а.

Интернет –машанехь биста кхаччалц гIардаьккхина ма-хиллара 300 эзар гергга буха куьг-язораш дехкина дехар-леткъам кхачийна Оьрсичоьнан бахархоша Путин Владимиран цIарх Кремле, чудохьуш долу даа-мала,кхачанан сурсаташ хIаллакдан магош тIеэцна сацам юхаэцахьара аьлла.

Амма, олуш ма-хиллара, лерга дуьхьиг а ца ухьуш, пачхьалкхан куьйгалхой «къора» бисна, ма-дарра аьлча. Мелхо а президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс шеконе диллина бахархоша оццул дукха буха куьйгаш дехкина кехат бакълена а яздина хилар.

Лаккхарчу тIегIанахь бина и сацам бахьнехь Оьрсийчоьнан, бен-бечу кIошташкахь иттаннаш, бIеннаш тоннашкахь хIаллакдан рицкъ: стоьмаш,хастоьмаш,нехчанаш, массо тайпа мерза а, къаьхьа маларш…

Вуьшта аьлча пачхьалкха чу мел йохьуш йолу юург,мерг. И рицкъ хIайраза хIаллакдар тIедуьллуш лаккхарчу тIегIанахь бина и сацам,челакха а,кIорге йоцуш а лерина бегашена а доцуш карзахбевлла Оьрсийчуьра хьовх Нохчийчуьра а бахархой.

Дукхахболчара кхин хила йиш а йоцуш Iовдала а,сонта а хIума лору,мацалла ловш эзарнашкахь шен пачхьалкхехь адам а долуш, сел кхоамза дуург,мерг хIаллакдар. ХIаллакдечу беркатах дуьйцуш ву Теркйист кIоштера къано Гизуев Хьусайн.

Гизуев: «ОстопуьраллахI! Ма доккха хIума ду-кх иза бакълена а дах хIай! Ма доккха хIума ду иза!. Цунах муха дийца деза суна-м ца хаьа. Ирча хьал ду-кх иза. Хьажал кху Iедалдан Iалашо муха ю. Адам гIийла мел хили а уьш вайна муьтIахь хир бу,ца хилча хир бац.

Ишта бу церан хьажам. Мацах паччахь хенахь цхьана стага Шалажехь хи тIехь херх бина хилла аннаш дохуш. Цуо кехат яздина паччахье. Хьан мехкан таро-бахам сов боккхуш,херх бина ша. Паччахьо цунна совгIатана дашо мухIар даийтина.

Цул тIаьхьа паччахь вохийна,ткъа Советан Iедало хьолада ву аьлла и стаг чувоьллина. ХIинца болу куьйгалхой дозанал дехьа шайн дIабехкина дашо биста кхаччалц бахамаш бу. Делах тешаш волу стаг харц луьйр вац. Цо хьарамлонаш а лелор яц. Иза къинхетаме хир ву.

ХIорш хала нах бу. Хьажал нахана рицкъ дIа ца кхочуьйтуш цара леллориг. ОстопуьраллахI! Мацалла ловш нах дукха ма бу. Царна дIакхачийча дика хир дара .ХIаллак стенна йо?»

Официалан кхайкхош дерг бакъ делахь, чудохьучу рицкъанан кехаташ нийса ца хилла. Нагахь иза ишта хилча а дозанал сехьа а ца йовлуьйтуш юхаерзаехьа и машенаш. И стенна ца до бохуш хеттаре вуьйлу соьлжагIалахо Шавалу.

Шавалу: « Дуккха а рицкъ долу дела вайна кхоам хета. Хаттар-м хIутту и мел нийса ду аьлла?Цхьана дас къа а хьегна, цхьана метта дуккха а рицкъ мА ду иза тоннашкахь. Кхара иза мага ца яхь,кехаташ тоаме дацахь, юхаяхьийтахь,схьа а яхий ,хIаллак ма ехьа».

Сел хам-пусар доцуш,сила-а долу и рицкъ, хIаллакдар куьйгалхойн хьакъболлу мах хадош хIума лору бахархоша. Царех ву шелан кIоштера Iумар а,Бавди а.

Бавди: « Рицкъ дIакхоссар, хIаллакдар Делах цакхерар санна, кхераме хIума ду. Суна нийса ца хета иза. ХIара пачхьалкх боьха пачхьалкх хилар тоьшалла ду-кх…»

Iумар: «Миска нахана дIакхачадехьа. И яр-кх гIоле.И бар-кх пайда. Нахана а гIуллакх дара. Нах мацалла байа гIерташ бу кризис ю бохуш. Нахана еш хIуьттаренаш ю-кх. Цхьа пачхьалкх а яц! БОьха хIума ю-кх и деш вверг!»

Бавди:»И товар цIена дацахь,галдаьлла хIума делахь юхаберзабехьа,пачхьалкх бех а ца еш. Хийла пачхьалкхашка мацалла леш адамаш ма ду. ЛартIа делахь церан кехаташ кхоам бац цуьнан? БIеннаш тоннашкахь рицкъ! Зхь дац иза. Кхераме хIума ду-кх иза».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG