ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПАРНАС ца юьту харжамашка


Оппозицин политикаш Навальный Алексей а, ПАРНАС партин куьйгалхо Касьянов Михаил а, цуьнан гIовс Яшин Илья а вара Оьрсийчоьнан Харжамийн коьртачу комиссино шаьш чуделла арз толлучу барамехь пIераскана. Цара дехнера комиссига Новосибирск гIалахь хуьлучу харжамашка ПАРНАС партера нах цабитар талла.

Ткъа нийса ду Новосибирскехь ПАРНАС-хой харжамашка цабитар, аьлла, сацамбина Оьрсийчоьнан Харжамийн коьртачу комиссино.

Ша а, шен накъосташа а Страсбургерчу Европан кхеле кхаччалц дIасахьийсор ду харжмашкахь демократи яцар далхош аьрзнаш, аьлла Касьяновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG