ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьаммад цIе ерш массарел дукха бу Британехь


Британехь берашна алссам тахка йолийна цIе ю Мохьаммад. Бусулба нах алссам болчу оцу махкахь хьалхарчу метте дуьххьара йолуш а яц и цIе.

Британерчу къоман статистикан сервисо кху деношкахь зорбане даьхначу терахьашца уггаре а алсам Британехь а, цуьнана куьйгакIела йогIучу Уэлсехь а даханчу шарахь динчу берашна туьллуш хилла йолу цIе Мухьаммад ю.

И цIе шайна динчу божаберан тоьхкучара тайп-тайпана яздо, я Мохьмад олий, я Муххьамед олий, я Мухьаммад санна, амма жамIехь цхьа цIе ю иза – бусулба пайхамаран Мухьаммадан, Делан салам хуьйла цунна, сийна туьллуш йолу.

ШозлагIчу меттехь Мухьаммадна тIаьхьа хIоьттина йогIуш ю Оливер боху божаберийн цIе.

2014-чу шарахь Мухьаммад цIе тиллинарг 7240 божабер ду, бусулба доьзалшкахь дуьненчу даьлла долу. Уггаре а дукхаха Мухьамадш Британин коьртачу шахьарех Лондонехь багарбина цу пачхьалкхан статистикан хьукмато. Шайн рогIехь, Оливер цIе тиллинарг 6649 бер ду.

Иштта хьал дара цул хьалхарчу 2013-чу шарахь а. ХIетахь а туьллура дас-нанас шайн керла дуьненчу даьллачу боьрша берана Мохьмад цIе.

Ала догIу, Мохьмад цIе Британехь 2006-чу шарахь дуьйна иштта популяре яьлла ю. ХIетахь и цIе цу пачхьалкхахь дечу берашна тоьхкучарна юккъехь шозлагIчу меттехь яра. ХIетахь дуьйна цкъа хьалхарчу метте йолуш, тIаккха цхьана я шинна меттигна оьайолуш схьа йогIуш ю бусулбачара вуно сий деш йолу Пайхамаран цIе.

Иштта, масала, 2010-чу шарахь а техкира дукхахдолчу дуьненчу даьллачу божабершна ингалс махкахь Мохьмад цIе. Цу шарахь, ала дашна, ингалс махкахь тиллина ца Iаш и цIе, иштта Норвегехь а яра уггаре а алсамох керла динчу божаберашна тиллинарг.

И цIе Европерчу пачхьалкхашкахь сел яьржина хилар тергамхоша меттигерчу бахархоша, шаьш хIинцалца лелийна дин дуьтуш, ислам дин хоржуш хиларца а дузу, амма коьртачу декъехь миграцин тулгIенашца а, ширачу континентехь бусулбачийн терахьаш дела денна аьлча санна алсам долуш хиларца доьзна лору.

Британин къоман статистикан талламаш зорбане баьхначу Дайли Майл газетано билгалдаьккхира цу хьокъехь, шайн доьзалехь динчу дуьхьарлерчу божаберан пайхамаран цIе туьллуш Iадат долчу бусулбачийн култура Британехь а, йоллучу Европехь а яржаран билгало ю МохьмадгIар алсамбовлар аьлла.

Бакъдолуш, тIаьхьарчу ткъех шарчохь хаалла алсамдаьлла Евробертана юккъейогIучу пачхьалкъашкахь ислам дин лелочийн терахь. Цуьнца доьзна хийцалуш ду Европерчу гIаланий сибаташ – урамашкахь дIакъовлабелла зударий а, мажош йолу божарий а даима а кхузахь лелча санна хетало.

Хьалал сурсаташ духку туьканаш я урс хьаькханчу жижигах бина кхачанаш бухку ресторанаш я кафеш йоцуш цхьа а хIара аьлла йоккха гIала яц. Яьржаш ю бусулбачийн садоIаран меттигаш, лерина зударшна лерина спортзалаш я фитнесс-клубаш, ткъа меттигерчу бассейнаша зударий бен ца луьйчу денош юккъедаьхна бусулба зударшна болчу аьттона.

Иштта дела денна аьлча санна схьадоьллуш ду керла-керла маьждигаш а, ламазан чоьнаш а. Венехь хIинцале а 50 сов маьждиг я ламазан чоь ю. Царна юккъехь ду кхоъ нохчийн маьждиг а. Венерчу ткъолгIачу кIоштерачу нохчийн маьждиган имам волчу Абубакара дуьйцу.

Имам Абубакар: „ХIара маьждиг Венерчу ткъозлагIчу кIоштахь ду. Дуккха а вайнах оьху кхуза ламазаш дан. ПIераскан дийнахь рузбанна а гулло дуккхаъ нах. Дала бусулбачу нахана тIедиллина ду рузбан дийнахь цхьаьна жамаIатехь ламаз дар. Иза деза дуйла хууш бу нохчи а.

Цундела даима а маьждиг дуьзина нах гулло рузбанна. Дуккхахьолахь кегирхой бу кхуза оьхуш берш, амма баккхийнарш а хуьлу. Ишколера мукъа ма делла, бераш а догIу“.

И дерриге а бусулба дин лелочаьрца цхьа мелла а цатешам я царна резадацаран синхьаамаш Европехь баржарца цхьаьна дIадоьдуш ду. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь баьржаш бу аьтто-популистийн партйин агIончаш, бусулбачарна дуьхьал паролаш кхайкхорца шайн политика дIахьош йолчу.

Австрерчу пачхьалкхан университета профессор а, исламан талламийн институтан куьйгалхо а волчу бусулба теологна Iаднан Асланна хетарехь, и ши хIума цхьаьна параллела даьржаш хилар башха цецволийла а дац.

ХIунда аьлча цхьана агIор бусулбачийн терахь лаахь а, ца лаахь лакхадолуш ду. Ткъа вукху агIор, халхеташ делахь а, башха товш юхь-сибат дац цхьаболчу бусулбачара Европехь гойтуш дерг. Пайхамаран, Делан салам хуьйла цунна, некъаца догIуш доцу сибат ду.

Iаднан: „Нагахь санна вайга ваьшка бакъдолу бусулба дин европахошна дIагайталахь, кхузахь цхьа а стаг цу бусулба бинах кхоьрур вацара. Пайхамаран хазчу Iадаташкахь вайга кхаьчна долу дин . иза маршонан дин ду, Iилманийн дин ду, бакъонийн дин ду. Ткъа вайга иза тахана ма-дарра дIа гайта ло я ца ло бохучух дозуш ду вайн вешан Европехь хиндерг“.

Европин дега юккъехь санна Iуьллуш йолу Бельги Нохчийчоьнал шозза а йоккха яц, бахархойн терахь итт миллион сов делахь а. Ткъа цу итт миллионах 600 бIе эзар сов стаг бусулба дин лелош ву. Царна юкккъехь бу Бельгехь бехаш болу пхи эзар сов Нохчийчура мухIажарш а.

Бельгера вевзаш волу социолог Дассето Феличес „Ирис а, ахбеттаса а“ цIе йолчу шен киншкехь дукха хан йоцуш ша бинчу талламийн жамIаш зорбане даьхна. Авторо дийцарехь, 2030-чу шарахь Брюсселан бахархойн доккхах долу дакъа бусулбачарех лаьтташ хир ду. Ткъа ша ислам-дин хIинцале а меттигерачу дахарна а, адамашна а боккха тIеIаткъам беш ду.

Иштта Феличес билгадоккху, 2008-чу шарахь дуьйна Белгехь дечу берашна тоьхкуш йолчу цIерашна юккъехь уггаре а яьржинарг Мохьмад цIе ю бохуш.

XS
SM
MD
LG