ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигранташка шина даггара хьоьжу Европа


Венгриний, Сербиний юкъарчу дозанехь, аьча некъаца набарш еш бу мигранташ
Венгриний, Сербиний юкъарчу дозанехь, аьча некъаца набарш еш бу мигранташ

МухIажирийн тобанаш чуоьху Европерчу мехкашка. Еврбертан пачхьалкхашкара бахархой реза бац мигранташ шайн гIаланашка хьалхарна. Цхьаболучара мух1ажаршца къинхетаме хиларе кхойкху, вукхара, аьтто-радикалан хьежамаш болучара, мелхо а, Европан дозанаш д1акъовла боху...

Венгерчу полицино бIаьргах хи доккху газца дуьхьало йина шен Сербица долу доза хадон гIоьртина масех бIе мухIажар. Рёске олучу меттехь доза а хадийна, кхин дIа Европин кIоргене, хетарехь, я Германе я Австре дIабаха гIоьртинчу нах совца ца беллачу сербхойн полисхоша газца а, резаьнка гIожмашца а тассадаларш дIаьхьира Шемарий, ОфхIанерий, Африкерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарий баьхкинчу мигранташца.

Кхааридийнахь цу дозане кхин а 2000 сов полисхоша хьажон сацам бина Венгрин Iедало, цу пачхьалкхан полисхойн хьукматан куьйгалхочуо Папп Карас журналисташка динчу дIахьедарца. Цул совнаха, там бу легала боцучу мигранташ Венгри сехьа ца бовлийта меттигерачу эскарех Iедало пайда эца, нагахь санна кху деношкахь парламенто цу хIуманна бакъо лахь, элира цуо.

Иштта бутт хьалха Венгрино шен доза лардархьама ботта болийна хилла 3 метар ах метар лекха болу бетонан пен кхин дIа а чехкачу боларца чIагIбеш бу.

Венгрин Iедалша легала боцучу мигранташца латтон къийсам масех дуьненаюкъара, Европера а мухIажаршца йолу конвенци а, низамаш а дохош бу. Делахь а, шен суверенан пачхьалкхан бакъонех пайда эца йиш ю бохучу кийтарлонца цIандо Будапешто шен лелар, сел дукхачу мигранташна шайн дан хIума дац бохуш.

Бакъдолуш, дан а ду Европе кхача арабевллачу мигрантийн цхьа доккха дакъа Венгрихула чекхдала дезаш, ткъа Дублин сацамца церан цигахь биса а деза. Иштта, масала, цхьана шинари дийнахь 2500 мухIажар сехьа велира Сербера Венгре, ткъа цул цхьа де хьалха, оршот дийнахь, 2000. И нах, ма-дарра аьлча, Венгрехь биса Iалашо йолуш бац, уьш доккхачу декъехь Австре, я Франце, я Белге, я Германе кхача лууш бу. Къаьстина Германехь саца а, дIатарбала а сатуьйсу царех дукхахчара.

Ша Германи кху тIаьхьарчу беттанашкахь цкъа а ца хиллачу кепара алсамчу мигрантийн тулгIено Iадийна. ХIинцале а хIара шо доладелчахьана 300 эзар стаг кхаьчна цига тховкIело лоьхуш, ткъа карара шо чекхдалале и терахь 800 эзар стаге кхача там болуш ду, цу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Де Мезьер Томаса динчу дIахьедарца.

Сила болчу мухIажаршна хIун дан деза бохучу хаттарна ойланаш еш урхалло хан йойъучу юкъана немцойн юкъаралла шен кадоллучу кепара мигранташна орцах юьйлуш ю. Наха шайн хIусамашкахь тIе а оьций, кхобу тIебаьхкинчийн дийна доьзалш. Юург а, духарш а, тIетасса-кIелатасса а кхоьхьу мухIажарийн лагершка.

Амма оццу мухIажарийн лагершна тIелатарш деш берш а, цигарчу нахана кхерамаш туьйсуш берш а дебаш бу немцойн юкъараллехь. Иштта, масала, шинари дийнахь ПархIим олучу гIалахь вехана ши стаг, карахь арсаш а долуш, мухIажарийн юкъараIойлина чу иккхинера, цигарчу нахана лен а луьш.

Шен хенахь полисхой тIекхачарна уьш цхьа а лазон ца кхиинера. Оршот дийнахь ХIайденау гIаларчу мухIажарийн юкъараIойлина го бинера „ХIайл ХIитлер“ боху мохь беттачу аьтто-экстремисташа. Уьш дIасалахка еанчу полисхойх 3I стаг лазийнера цаьрца хиллачу тийсадаларшкахь.

И дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду, мигрантийн хаттаро Германин бахархой шине декъе бекънийла, ткъа юкъараллехь тайп-тайпана синхьаамаш лелийла. Дуккхаъчу шерашкахь нохчийн мухIажаршца болх беш хиллачу немцойн адамийн бакъонашларйархочуо Маас Эккехарда дийцарехь, шеко а йоцуш, тIебаьхкинчарна гIо деш берш а, царна орцах бовла кийчаберш а алсамох бу немцойн юкъараллехь, цаьрца гома ойланаш йолчарел. Иза шена дела денна го бохуш дуьйцу цо Маршо Радионе.

Маас Эккехард: „Махкахь лелаш болу синхьаамаш хIетерогене бу, вуно бен-бен. Дуккхаъ адамаш ду, хазанесанна цу нахерчу баланех кхета а кхеташ, царна гIо дан а, орца кхачо а кийча а болуш. Тобанаш а кхуллуш, мухIажаршна гIо до цара. Иштта могIарера бюргерш бу, шайн хIусамашкахь а, доьзалшкахь мигранташ тIе а лоций, церан Iуналла деш. ХIора дийнахь го сунна и саннарг, хетта а хоьтту соьга наха, муха гIо дийр дара-те шаьш тIебаьхкинчарна, бохуш.

Цуьнца цхьана цхьаццаболу нах бу, аьтто хьежамаш болу, шайн социалан хьелаш талхар кхоьруш а. Ткъа иштта културан цакхетамаш тIебаьхкинчарца хилар кхоьруш а. Со-м кхета, дера хIара хьал да ма дуй, нахера вуно лакхара семалла оьшуш а, хийцамашна кийча хилар оьшуш а.

Масала, кхузахь, Веддинг кIоштахь дийна урамаш бу, туркой, Iарбой бехаш, цигахь туьканашна тIехь долу йозанаш немцойн маттахь а доцуш, туркойн маттахь ду дукхадерш. Ткъа цхьа 80 шо долу немцойн йоккха стаг цу урамехула дIасайолаелча, цунна хIумма кхета ма ца кхета. Ишттачу хьолехь хийцамаш хир буйла а хууш, цу хийцамашна кийча хила еза юкъаралла а, тIебаьхкинарш а.

Амма ас бечу тидамашца, политикан векалш а, юкъаралла а, и цхьа кIеззиг бен боцу аьттонарш дIабаьхчахьана, цу проблемех кхеташ а бу, мухIажаршна гIо дан лууш а бу. Ткъа и вуьш берш, и аьтто-радикалхой, уьш, цкъа делахь, юкъараллин йистах лаьтташ йолу кегийра тобанаш ю, шозлаха делахь, уьш хIинца кIирбеллачу тидаме лаьцна а бу Iедалхоша а, хаамийн гIирсаша а. МухIажарш бахьана долуш шайна зенаш хилар кхоьруш бу уьш“.

Маас Эккехарда ма-аллара, Германин бахархой шайн доккхачу декъехь масала доцу солидаралла гойтуш бу тIебаьхкинчаьрца. Царна юккъехь бу могIарера нах а, Iедалхой а, исбаьхьаллин а, културин а векалш.

Иштта уггаре алсамох аьтто-радикалан хьежамаш болу кегирхой бехаш ларалучу Заксен лаьттара цхьана 40 шо долчу немцочуо лерина банкера кредит а эцна, цунах цхьа жима хIурда кема эцнера. Ткъа цуьнца иза шен масех доттагI вовшах а тоьхна, Дуьненаюкъарчу хIурда ваьлла, бохамаш ловш болу мухIажарш кIелхьарбаха. ХIинцале а 800 стаг лечуьра ваьккхина цуо шен хIурдакеманца.

Вевзаш волчу немцойн актер Швайгер Тил, дуккхаъчу вайнахана „Стигалан неI елла“ цIе йолчу Голливудан филмаца вевзаш волу, шен чотах мухIажарийн юкъараIойла юттуш ву, 600 бIе стагана меттиг болу.

Ткъа и санна долу адамаллин а, къинхетаман а масалаш вуно алсам го кху деношкахь Германехь.

XS
SM
MD
LG