Адаман амал, кхетам бовзуьйтуш хийла беламе хIуманаш лела социалан машанашкахь.
Нохчийню ала а тарлуш, шуьйра яьржинарг ю вайлахь Ватсапп. Мукъалла балла бехачу зударша а, божарша а довзуьйту тIаьххьара керланаш, хIун йиина-мелла, маре мила яхана-еана, хьан ялина-йитина, марнанас хIун боху, несо муха жоп делла...
Бутт карабогIуш а, беача а тайп-тайпана дийцарш хезара школе бераш кечдечу наношкара. Школе кхоьхьу духарш дазделла, кинжкаш Iедало лур ю-те, я шаьш эца деза-те, даима а санна?..
Хетара, харц-бакъ амалбина, бераш школе дIахьовсийча, доллучух а кхачам а хилла, ватсаппехь доккха са а даьккхина, юха а юкъара дахар, хилларг-леллларг дийца хIуьттур бу нохчийн ватсапхой!
Амма схьагарехь, къона наной, цхьаберш, шайн бераш юьхьанцарчу классе деша а дахийтина, цунах боккха сингаттам баьлла, таро йоьхна хьийза.
Хаарш Оьрсийчоьнан бахархойн вуно лахара хилар гойту тоьшаллаш дукха а ду социалан машанашкахь нахала дуьйлуш. Къаьсттина Нохчийчохь къона наной хааршна гена ца бевллийлла, я геннахь бисинийла гойту масалш дукха ду.
Схьаоьцур вай кху деношкахь даьржина хIара къамел.
Дешаран денойн раж хьехархочо шайна йовзийтича, цу тIехь хилла «азбука» боху дош шайн хеттачу кепехь луьстуш, классан сахьт олучу урокехь оьший-те кинжка, эшахь, муьлхарниг ю-те, бохучу хеттарша гIайгIане баьхна уьш.
1-ра аз: Амнат, и Азбука книжка и хIун, хIун урок ю-те? ХIинца кхана оьрсийн литература, оьрсийн мотт, математика, физкультура, классный час ю церан. Классный час киншка хила а ма ца хуьлу, суна хетарехь, ца хуьлий? И Азбука хIун урок ю-те ян а?
2-гIа аз: Тамила, схьахетарехь, и классный час урокехь хIума юарий-те бераша? Ясминига юург яхьийта еза хьуна, и Азбука хIун ю суна а -м ца хаьа, хьан майрчунна хуур дарий-те? ХIааа, цунна а хуур дац, и экономист ву.
3-гIа аз: Азбука обычный йолу книга яц? Хьалха а яр-кх иза, цхьа элпаш дерг, и ю бохуш Iа-кх со. Кхана собрани ю ца боху цара, кхана дуьйцур хир ду-кх. ДIанислур дара и-м! Тхан марнана а ю цIа кхача езаш, цунна а хуур ду, Азбука хIун книга ю. Ца хууш дуьсар дацара иза-м.
4-гIа аз: Азбука, масала, цо ша схьагойтуш ма ду иза. Аз- голос бохург ду, пени урок хир ю-кх иза. Хир ю хьуна, кхин хуьлийла дан а дац. Пени ю алалахь цуьнга Азбука. Классный час...обязательно книга хуьлуш ю. Стомма а йолуш ю ала ахь, ца хууш дерг хаттарах эхь ма дац. Суна классный часехь даима пхеаннаш хуьлура, суна дагадогIу. Элементарный хIума цахаар доккха хIума ду-кх!
5-гIа аз: Йиша, и Азбука олуш йолчу урокехь элпаш дахка деза хьуна!»
Шеко йоццуш ду бакъ къоман кхане таханалерачу дийнах йоьзна хилар. Кхуьучу берех, кегийрхойх, уьш Iамочу, царна хьекъал лучу дайшна-наношна а кхочу дакъа.
Церан хьекъалан, кхетаман мах а хадийна, эр ду кхана къомах кхечу къаьмнийн векалша олуш дерг.
Соьлж-ГIалара вахархо Цадаев Саламу ву зIенехь. Къоначу наноша дина къамелаш хезначех ву иза а. Шена аьттехьа а ца хета, боху цо, цара йийриг забар ю, аьлла. И бегаш ца хиларан бахьанаш, шена гуччу кепара довзуьйту цо.
Цадаев: «Иза баккъал бакъ хила мегаш хIума ду. Со цецвер вац цуьнах, хIунда аьлча, вайн кхиина богIу кегийрхой шина тIамах бевлла 20-30 шо хьалха дуьнентIе бевлларш бу. Школа, институт, университет хIун ю а ца хууш, эцца цIахь, ярташкахь халла сискал яккха гIерташ баьхкина болу нах тахана керлачу замане бевлла, амма грамота яц.
Цхьайолчу ярташкахь йоIа ца дешча а мега, хIуммаъ дац, ахча дагардан хиъчхьана, тоьар ду бохуш, ишта кхетам бу цхьаболчу нехан. Маре яхачхьана эцца шен бежнаш, ков-керт лелош ехар яра иза-м, бохуш. Зама ю-кх хIара иштта!
Кхузаманахь а бере дешийта а хала ду, школа яьккхинчул тIаьхьа, юха а болх а эца безаш бу. Бухера дуьйнна хьаьжча, экономика ю-кх иза!
ХIара ватсапан къамел-м бегаш хила а герга ду. Къамел дечара шеконаш йитахь а, ур-атталла, лаккхарчу даржашкахь болчу хьаькамашлахь а го тахана, хаарша церан кортош ца букъбинийла.
Бакъду, жигара кхуьу Нохчийчохь спорт, денна схьайоьллу хьуьжарш, шеца цхьана а маьIнехь пайда бохьуш доцу харже даздарш дIахьо махкахь дуьне цецдаккхархьама.
Ткъа хьекъал? Хьекъал кхиорхьама, кхетам деборхьама, таханлера кхиазхойх кханенна къоман хьекъалан дай барехьа къахьегча тоьлурий-те?
Амма иза-м дидактика юй. Вай ца гIерта цхьанненна а лергах мехий даха.
...Делахь а... Делахь а, дика ду-кх оцу ватсаперчу шина-кхаа зудчуьнга азбука – эшар лакхар даций, Iилманан юьхьиг йолор дуйла хаийта стаг валар а ду-кх цхьа дош!