Оьрсийчоьнан официало дIахьедина, арахаьара ницкъаш бу Кострома гIалара харжамаш бохо гIерташ, аьлла. Полицино хаамбо ша цигахь 2 миллион сом ахча даьккхина Iедална дуьхьалйолчу “Йиллина Оьрсийчоь” олучу партийн цхьаьнакхетареллера, бохуш. Полицино чIагIдарца, и ахча харжамашкахь харцонаш лелон хьажийна хилла. Шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан Юкъарчу Харжамийн комиссин куьйгалхочо Чуров Владимира дIахьедина, пачхьалкхал арахьара ницкъаш бу Костромара харжамаш бохо гIерташ, амма церан гIуллакх хир дац, аьлла.
Оьрсийчоьнан меттигерчу харжамашка йоьдуш пачхьалкхера 83 регион елахь а, Кострома цхьаъ бен яц оппозицин партеш харжамашна герга йитинчех. Цигахь бен ца йитина Немцов Борис коьртехь хилла "Парнас".