ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсий бахана ДАIИШ-ан могIаршкахь тIемаш бан


2400 стаг ву Оьрсийчуьра вахана ДАIИШ-ан могIаршкахь тIемаш беш, аьлла даржийна къайлахчу сервисан ФСБ-н директоран хьалхарчу гIовсо Смирнов Сергейс. Цо бахарехь, Юккъерчу Азера 3000 тIемало а ву жихIадхошлахь.

«Мохкох президенте Асадехьа хилар зене ду, оцо Шемара гIуьтту мигранташ алсам боху бохург бакъдац, бахьана – «Исламан Пачхьалкх» олу экстремизман болам шорбалар а ду, цхьайолу пачхьалкхаш террорхошна дуьхьал цахIиттар а ду,» - аьлла ФСБ-н куьйгалхочун гIовсо Смирновс журналисташца Ташкентехь Шанхайн организацино терроризмаца латточу дуьхьалонан хьокъехь хIоттийначу кхеташонан чоьнашчохь къамелдеш.

Шанхайн организацина юкъайогIу Оьрсийчоь, Китай, ГIиргIазойчоь, Таджикистан, Узбекистан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG