Венгрин, Хорватин дозанашкахь совцийна латтийна Малхбалера мигранташ чукхочуш бу Австре. Шайн дозанал чоьхьаваьлла 6700 мухIажир, хаамбина шоьтадийнахь Австрин полицино.
Хьижрат дахделлачу мухIажиршна ца тоьа кхача, хи. Мигранташ шаьш бахарехь, цаьрца мелла а къинхетаме бу австрихой, германхой. Цуьнца доьзна ду ала тарло Венгрино а, Хорватино а автобусашкахь бала а беш, немцойн мехкийн дозанашка кхийсар даймахкара уьдуш схьаоьху шемахой, иракъхой, овхIанхой.
МухIажирш шен дозанна гергакхаьчначу Словенино къевлира шоьтадийнахь шен доза, полици яра мухIажирш юхабохуш, бIаьргех хидоккху газ а тIехь юкъаяьккхина хьийзаш.