Германино критика йина Оьрсийчоьнан Iедалшна Донбассехь харжамаш бан дагахь болчу сепаратистийн планашна уьш дуьхьал цадовларна. Германин канцлеран Меркел Ангелин векло Зайберт Штеффена дIахьедар дина Оршот-дийнахь, шаьш догдоьхна ду Москох сепаратистийн планаш емал а ца еш Iад Iаш хиларна аьлла. Шен агIор Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, шаьш саготта ду аьлла, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа дагалаьцнарг бахьана долуш.
«Донецкан халкъан республика» олу сепаратистийн тоба дагахь ю шаьш Iуналла дечу Украинин территорина тIехь харжамаш дIабахьа ГIадужу-беттан 18-чу дийнахь. Донецкерчу а, Луганскерчу а сепаратисташа цу тайпа планаш дIакхайкхийна, шена тIелаьцна декхарш кхочуш ца до аьлла, Киев бехке а йина. Сеператисташа вовшахтухучу харжамийн вон тIаьхье хир ю аьлла дIахьедар дина Украинин президенто Порошенко Петрос. Цу тайппа мах хадийна сепаратисташа лелочуьнан Малхбузерчу лидерша а.