ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеме эскарш дIаузуш ю Кремл


Шемарчу Асадан Iедална тIеман а, гуманитаран а гIо латтош ю Оьрсийчоь. И мукIарло президента Путин Владимира кIирандийнахь Цхьанатоьхначу Штаташкарчу журналисташна ша еллачу интервьюхь дира. Цо билгалдаьккхира, Асадна герз дохкар Дуьненаюкъарчу низамшца цхьаьна догIуш ду аьлла.

Украинехь кризис хIоттарехь Оьрсийчоьно лаьцна дакъа бахьана долуш Кремлан куьйгаллин Малхбузенца доьхна хилла долу гергарло хIинца юха а жим-жима меттахIотта гIерта сурт ду.

Мухха делахь а, и ойла кхоллало тIаьхьарчу деношкахь Германин канцлеро Меркел Ангелас а, Британин премьер-министро Кэмерон Девида а Шемахь а, Иракъехь а кхоллаеллачу ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанца къийсам латторехь Оьрсийчоьнера гIо ца хилча кхиамаш хир бац аьлла динчу дIахьедаршка ладоьгIча.

Нагахь санна немцойн урхалло кхин хье ца луш, Меркелан дIахьедарна тIаьхьа, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш малйийр яц, Украинера хьал тодалалца а, Минскехь бина барт кхочуш бан Оьрсийчоь а, цуо белшаш гIортош болу сепаратисташ а болабаллца аьлла дIахьедар динехь, хIетте а дуьненан политикийн къамелашкахь тIаьхь-тIаьхьа хеза, Оьрсийчоьнца цхьацца долчу хеттаршкахь, къаьстина Гергарчу Малхбалехь а, Шемахь а долчу хьолан хьокъехь цхьаьнаболх ца бича Малхбузе ер яц боху аьзнаш.

Европа Шемара а, Иракъера а, Африкера а бIеннаш эзарнашкахь схьаоьхучу мухIажарийн тулгIеца ларон гIерташ йоллучу муьрехь, Оьрсийчоьнан куьйгалло жигара даьккхина шен Шемин президентана Асад Башарна гIодар.

Цо хIинца хьулдеш а дац, ша Асадна герз латтош хилар а, кхин долу тIеман а, гуманитаран а гIо деш хилар, цу кепара Малхбузе шеца цхьана диалог ца лехча ца йолучу хьоле а хIоттош.

КIирандийнахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу журналисташна ша еллачу интервьюхь Кремлан лаккхарчу гIентан дас мукIарло дира, шен урхалло Асадан латточу гIоьнна. Бакъду, шаьш Шемахь йохуш йолу гIулчаш дуьненан юкъарчу низамашца цхьаьнайогIуш ю элира цуо.

Цуьнца цхьаьна Путин Владимира элира, оьрсийн эскарш Шемарчу тIамехь дакъалоцуш дац аьлла. „Оьрсийчоьно Шемарчу я кхечу пачхьалкхашкарчу цхьанна а тIеман операцешкахь дакъа лоцур долуш дац.

Мел кIезга а, таханлерчу дийнахь лаца дагахь-м дац тхо“, - элира цо шен Кремлин.ру цIе йолчу официалан сайта тIехь ялийначу интервьюхь, тIаьхьа тIейогIучу хенахь и дакъалацаран бакъо шегахь а юьтуш.

Цу кепара Оьрсийчоьнан куьйгалхочуо шайн Шемарчу леламех дерг хьул ца деш, довзийтар политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, уггаре а хьалха Путин Владимир Малхбузенехь ши полюс йолу, шина боккхачу ницкъах лаьтташ долчу дуьненна сагатлуш дуккха а ницкъаш хилар хаарца а, ткъа иштта Шемарчу хьолахь Оьрсийчоьнца муьлхачу агIор бина а цхьаьнаболх ца бича Малхбузе хьалха я тIаьхьа ер ца хиларх и кхеташ хиларца а доьзна ду.

Асхабов: „Тахана и санкцеш бахьана долуш а, Украинера хьал бахьана долуш а Оьрсийчоь массо а дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсашкахь юьйцуш ю, иза мел вуо йийцахь а. Цу кепара цуьнан дуьненаюкъара рол а, цуьнан меттиг а мехала хилар гуш ду, и рол мел негативе елахь а.

Ткъа Оьрсийчоьнан рол хIинца Iамеркано Iарбойн мехкашкахь лелийначу политикан кхиамаш ледара хилар бахьана долуш Европе цигара мухIажарш чухьовдар бахьана долуш кхин цкъа а лакхайолуш . ХIинца муьлхачу а кепара хилла а Оьрсийчоьнца цхьа юкъаметтиг ца лехча ца йолу Малхбузе.

ХIунда аьлча дела денна Исламан пачхьалкхе олучу тобанан ницкъ шорлуш бу. Ткъа и толийта Малхбузенан йиш яц“.

Шен интервьюхь Путин Владимирс лерина дийцаре дира, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанах Оьрсийчоьнна болуш болу кхерамаш.

Карарчу хенахь Шемин 60 процент лаьттанаш ДаIишан карахь я кхечу террорхойн карахь ду элира цуо, Асад Башарна дуьхьал тIом мел беш йолу тобанаш террорхошца дIа а нисйеш. Ткъа царна юккъехь 2 эзар сов цхьана хенахь Советашна юккъе йогIуш хиллачу республикашкара орамаш долу нах бу элира Путинс.

„Уьш тхо долче юхаберзаран кхерам бу. Уьш тхо долче юхаберзалца а ца Iаш, гIолехь ду тхуна, цигахь Асадна царна дуьхьал тIом бан гIо дича. Иза ду оха Асадна белшашгIорторан коьрта бахьана“, - элира Оьрсийчоьнан президенто.

Оршот дийнахь Путин Владимир тIаьхьарчу итт шарахь дуьххьара вистхилира Нью-Йоркехь дIайоьдучу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн ассамблеяхь.

XS
SM
MD
LG