26 шо хьалха дуьххьара эфире елира „Хиндолчухьа юхаверзар 2“ цIе йолу ХIолливудера фантастикан жанрера филм. Цу чуьра ши турпалхо, Мартиний, Докий, хенан машенан гIоьнца 2015-чу шеран гIадужу баттахь нисвелира цIеххьана, аьлча а, кху вайн карарчу деношкахь.
Филмехь гойтура хIетахьлерчу, I989-чу шеран дахарера схьа тергалдича, мел бакхий а, теша йиш йоцу а хийцамаш 2015-чу шарахь хилла хир болуш санна.
Масала, филман турпалхой тешна бара, 2015-чу шарахь некъаш цхьанхьа а оьшур дац, хIунда аьлча машенаш хIаваэхула лелар йолун дела. Цу некъашца долчунна филм яьккхинарш мелла а галбевллехь а, къаьстина Оьрсийчуьра некъаш хIетахь 1989-чу шарахь чул мискъаразаталла тоделла ца хиларна, амма кхин дIа долчех дуккха а хIумнаш кхочуш хилла филман авторийн шайхаллех.
Масала, цу чуьрчу турпалхочуо хIуммаъ хала а доцуш, шен къаналла къайлайаккхархьама юхьтIера чкъор хуьйцура. ТIаккъа, хIора шарахь дуьненчохь вайн заманахь мел еш йолу юхь-кедиг къона а, хаза а хетийта еш йолу пластикан операци а тидаме эцча, олийла дац филм яьккхинарш галбевллера аьлла.
Амма майра, мел дозанаш доцуш хиндолчух лаьцна филм яьккхинчеран фантази хеталуш хиллехь а, делахь а, вайн заманан уггаре а доккха бозбуанчалла – интернет боху хIума кхолла йиш ю бохург дага ца деънера царна.
Кхоллина ца Iаш, цуо адамийн дахарехь йоццачу хенахь сел йоккха меттиг дIалоцур ю а, боккха тIеIаткъам бийр бу а бохург.
Ткъа мел боккха интернето а, цу чуьрчу социалан машанаша а, цуьнца йоьзначу мобилан зIено а нохчийн дахарна беш болу ницкъ бу бохург дела денерчу тоьшаллаш гойту.
ДIогахь хеза хьенехо шен хIусамнана цуо дукха сов хан интернетехь яккхарна йитина яхийтина бохуш. Хьуьллахь го хIусамнанас шен цIийнда кхечу зудчуьнца социалан машанехула къайлаха захалонаш дуьйцуш гучу а ваьлла, ша цуьнгара дIаяхале цуьнан боллу бахам бохош, кечбеш.
ТIаккха цунна тIаьхьахIоьттина догIу кхин цхьа интернет – коста: цу кепара хIусамнанас витинчу боьршачу стаго мобилан камерца яккхина видео, шена дIаяханчу хIусамнанас дина зенийн барамаш а гойтуш, хьовсийша цуо лелийнарг, бохуш, даккхий синош а дохуш. Иштта дIа кхин а, кхин а.
Цхьаммо аудиокхайкхам баржабо ватсаппехула, „бусулба вежарий“ бохучу дезчу дешнашца дIа а волалой, зударийн бехке духарш дуьйцуш. Цунна дуьхьал зударша шайгара жоьпаш даржадо, божарийн маьттаза лелар охьадагардеш. ТIаккха, хьо хьайна хиллачу шоках меттавеана валале, кхочу „хьовсийша кхуза, марда ву шен нус марелаца декъалйеш!“ олий видео. ТIаккха кхочу хьерабевллачу гIалгIайн зударша цхьана йоIана етташ йолу видео.
Иза ший а йицйо цул тIаьхьа хьан телефоне я емайл адресе тессинчу Шемахь дайъинчу берийн ла ца даллала къизачу сарташ. Царна доллучарна а тIу мухIар туху цхьа къила бахана узаме мукъамца кечдина долчу даIаваташа, дукхахьолехь жоьхатин цIе а, цу цIаргахь богун болу зударий а буьйцуш долчу.
Доцца аьлча, мацах классико аьлларг жимма хийцина далийча, „массо а хIума кегаделла нохчийн кхерчахь“. Интернетах беркат а даьлла. Я аьлча а зулам а даьлла.
Хетало, нохчийн къомера гIаж такхол верг цу глобалан машанерчу виртуалан дахаре дирзича санна, ков-керт а, Iалашдан деза хьелий а, чу дерзон деза ялтанаш а, кхетам-кхион деза бераш а, бузон беза доьзалш а битина.
Ткъа муха ду-те кхечу къомалашлахь интернет лелор? ДIасакхоьхьий -те цара шайна юкъехь иштта и пайда мел боцу видеош а, аудиош а. Я деккъа нохчийн лазар ду-те иза? Цкъа а цхьанна а кхечу къомах болчара шега интернетухула я мобилан зIенехула цу кепара видеош я сарташ я аудиохаамаш баийтина бац бохуш дуьйцу Германехь социалан белхахо йолчу Дадашева Элизас.
Цундела хетало шена вайнах санна интеренетах цхьа а маьIна а доцучу хIумнашна пайда оьцуш къам дан а дуй- те олий бохуш.
Дадашева: „И хIума вуно чIогIа даьржина вайнаха юккъехь, интернетехь социалан машанашкахь а, телефонашкахула а и цхьацца пайдабоцу видеош а, аудиош а, сарташ а дIасатийсара.
Ас оьрсашца а болх бина, хIинца немцошца а болх беш ю со, соьга-м ца тессина царех цхьаммо а цкъа а и тайпа хIумнаш. Нохчий бен иштта и хIума лелош нах бу моьттуш яц со.
Цара оцу сохьта телефон хьалаюзу. Ахь цхьанге ма тийсахьара хIорш соьга аьлча, дегабаам а бой, оьгIаз а йоьдий, хьо сийдоцуш ерг а хуьлий дIадоьрзу иза“.
Нохчийн къоман ловзорг хилла дIахIоьттинчу интернетой, мобилан зIеной, къаьстина цуьнца лелош йолчу ватсаппо а, вайберо а мел доьзалаш бохийна я мел зе-зулам дина бохучунна чот-барам бустуш цхьа а статистика яц.
Билгал хууш дерг амма цхьаъ ду – оццул пайдехьа а, оццул атта а, аьхна а гIирс болу и цивилизацин кхиамаш дар дайна лелачу нехан карахь эвхьазло а, маьттазло а яржоран гIирс хилла дIахIоьттина.
Хилла цунах иштта шаьш дуьйцург цкъа а шаьш кочуш ца дечу керла бевллачу молланийн а, шен чохь а, доьзалехь а доллург ца гуш, нах буьйцучу нехан а майда.