ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинах лаьцна керла тептар


Дуьненан чемпион-шахматист, оппозиционер Каспаров Гарри
Дуьненан чемпион-шахматист, оппозиционер Каспаров Гарри

„Вай Путин хIунда сацон веза?“ - иштта ю Германехь зорбане яьллачу киншкин цIе. Цу цIаро, кхин дIа чулацаман кIоргенашка кхийда ешархо вола а валле гойту, стенах я, аьлча а, хьанах лаьцна и тептар ду бохург. Язйинарг ву дуьненан чемпион-шахматист, оппозиционер Каспаров Гарри.

Каспаров Гарри, тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь Оьрсийчоьнан Iедалша шена кхераме хьал кхоьллина аьлла, даиманна Малхбузе ваха дIавахана волу, шен киншкехь дийцаре деш ву, Оьрсийчохь демократи йохорах лаьцна а, и бахьана долуш Малхбузенна хила там болчу тIеIаткъамехь лаьцна а.

Коьрта тидам цо Путин Владимиран амалшна а, цуьнан леламашна а тIе бохуьйтуш бу. Ткъа Оьрсийчоьнан президентан персона юьйцучохь цуо кхоанне а ца кхоадо вуно шога а, кIоршаме а дешнаш. Диктатор ву а боху цуо иза киншкин масех меттехь, агрессор ву а боху, ткъа иштта мафин куьйгалхо а.

„1936-чу шарахь ХIитлер а вацара, ша жимма тIаьхьа гучу ма-валлара, ШозлагIа дуьненан тIом болийна волчу маньяках тера. Амма хIеттехь дуьйна жуьгти а, заьIапхой а, шен политикан дуьхьалончаш а хьийзош вара иза“, - бохуш яздо Каспаров Гаррис.

Ткъа оццу 1936-чу шарахь Малхбузено еш дуьхьало а йоцуш, Берлинехь Олимпикан ловзарш дIадаьхьира ХIитлеро. Путинс тахана лелош дерг а ду, Каспаровна хетарехь, ХIитлеро шен дуьхьалончаш охьатаIоран модел схьаэцар, ткъа цуо арахоьцуш долу низамаш ду ХIитлеро арахоьцуш хиллачех тера.

Цул совнаха, киншкин авторо дийцаре до, Сочехь дIаяьхьана хилла Олимпиада а вуно дукха ХIитлеран Германехь дIадаьхьна хиллачу ловзарех тера хилар. „Лерина я ларамаза, амма Путинан режимо вуно тералеларца ларйира Сочехь Берлинехь 1936-чу шарахь язйина хилла сценарий“, - иштта ю киншки юккъера цхьа цитата.

Цу дешнашца авторо билгалдоккхуш дерг ду, Сочехь, хIетахь ХIитлеран Берлинехь санна, Олимпикан ловзарш тIехьа а тоттуш, гушхилларг цхьа адам дара, Путин Владимир, массо а метте кхочуш волу фюрер, шен амбицешцана, шен ша воккхахетараллин маница“, бохуш яздо Каспаровс.

Кхин цхьа хIуманах лаьцна а яздо Каспаровс Олимпиадин хьокъехь. ХIетахь Берлинера Олимпиада дIаяьллачул тIаьхьа ХIитлер ма-волаваллара, луларчу пачхьалкхана агресси ян, иштта Сочера Олимпиада дIа а ялийтина, Путина а йолийра Украинина дуьхьал агресси, боху цо.

Цуьнца доьзна ира критика а йо Малхбузенна, ГIирмина аннекси йича а, Украинин Малхбалехь тIом болийча а Малхбузено агрессорна дуьхьал кхоччучу барамехь гIулчаш ца яхарна.

„Iамеркера президент веккъа цхьа хьожуш Iа, ткъа Европа тхьевсина. Малхбузено Путинца лелош дерг – иза морала а, политикан а капитуляци ю. Хала хета, маьршачу дуьненна шен исторерчу гIалатех Iама ца лаар“, - иштта элира Каспаров ша тIаьхьарлерчу Шпигел журналана киншки хьокъехь еллачу интервьюхь.

Кхин дуккха а ду Каспаровн киншки тIехь оьрсийн а, европхойн а политикашна ира критика еш йолу меттигаш, политикан корректалле Iеминчу Малзхбузерчу ешархошна тамашийна хета мегаш йолу.

Цо гIорасиз санна буьйцу Евробертан а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а куьйгалхой, Обамина тIера Меркел Ангелина тIе кхаччалца, уьш берриш а Путинца хьестабараларан политика дIахьош бу бохуш.

„Путинна тIемаш оьшу“, - аьлла тешна ву дуьненчохь уггаре а гениалечарех шахматахловзархо хилла волу Каспаров. Ткъа дуьне кхета деза, вай хIинца юха „шийлачу тIеман“ хьелашкахь дехаш хиларх.

Цундела мацах хьалхалера „шийла тIом“ хиллачу хенахь лелла Iадаташ а юьхьаралаца деза Малхбузено, Путинца къамел дечохь – масала, цуьнца компромисс ца лохуш, цунна изоляци яр, санкцеш чIагIйар, Украинина герз латтор, боху цо.

Амма тамаша бу Малхбузе Каспаровс бохучунна резахилахь.

XS
SM
MD
LG